ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, юхакечбаран а туьшо дIадолийра «Нохчийн Республикин къоначу журналисташна лерина мастер-классаш» проект кхочушъяр. Цуьнан Iалашо ю хаамийн белхахойн говзалла лакхаяккхар.

Проект кхочушъян йолорна леринчу гIуллакхехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, цуьнан заместитель Гудаев Лоьма, Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, юхакечбаран а туьшан директор Юнусов Хьамзат, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхой, къона журналисташ, кхиберш.
Проектан дакъалацархошка ша маршалла хаьттинчул тIаьхьа, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата дIаяьхьира «Нохчийн Республикина а, Россина а дуьхьал беш болу хаамийн тIом. КРА-н фактор» темина лерина мастер-класс.
– Вайн республикина а, Россина а дуьхьал беш болу хаамийн тIом юхатоха беза вай. Вайн къоман гIиллакхаш а, ламасташ а довзийта деза вайн тIекхуьуш долчу къоначу чкъурана. Оцу тIехь къаьсттина къахьега деза «Орга», «Нана», «Вайнах» журналаша. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн къоман истори а, культура а, гIиллакхаш а, ламасташ а дуьйцуш, уьш кхиорехь доккха масал гойту тIекхуьучу чкъурана, – билгалдаьккхира Д.Умаровс.
Билгалдаккха деза, «Нохчийн Республикин къоначу журналисташна лерина мастер-классаш» проект кхочушъяран гурашкахь мастер-классаш дIахьур ю Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкарчу гIарабевллачу журналисташа.
№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо