Беларусин промышленностан а, кхачанан а сурсатийн ярмарка схьайиллина Соьлжа-ГIалахь хIокху деношкахь. Хьалхара де бен ца хиллехь а, дукха адам дара цигахь.

Ярмарка схьаелларехь дакъалецира Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, кхиболчу официальни наха. Республикин бахархошна дохка деанчу сурсатийн дикаллин мах хадийра цара.
– Нохчийн Республикина а, Беларусина а юкъахь доттагIаллин а, экономикин а агIор дика юкъаметтигаш хиларан тоьшалла ду таханлера ярмарка. Вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан къахьоьгуш ву вайн регионан кхечу регионашца йолу юкъаметтигаш кхиорна тIехь, – элира Умаров Джамбулата.
Дагадаийта лаьа, товбецан (сентябрь) баттахь Беларусин Президента Лукашенко Александра кхайкхина (белхан хьокъехь) цигахь хьошалгIахь хилира вайн республикин Куьйгалхо. ХIетахь вовшашца доттагIаллин а, экономикин а агIор зIенаш латторан хьокъехь бинчу бартаца вовшахтоьхнера и гIуллакх.
Ярмарка вовшахтоьхначу Алябьев Владимира баркалла элира шайн ларам а бина баьхкинчу хьешашна. Цул тIаьхьа Беларусин пачхьалкхан герб тIехь йолу гатанаш делира хьешашна совгIатана.
Жижиган, шурин, чIеран дуккха а сурсаташ дара духкуш. Амма бусалба нахана даа магош доцчу жижигах хIумма а яцара царна юкъахь. Кхечу динехь болчу нахе ларам хила безар гойтуш хаза гIиллакх дара иза.
«Лира» компанис 20 кепара чай а деанера дохка. Цул сов, массо а тайпа моз а, дуккха а мерза хIуманаш а яра цигахь юхкуш.
Дечиг пхьераша йина тайнигаш а, музыкин гIирсаш а, пхьегIаш а яра шайна тIе бIаьрг хIуттуш. Чохь а, арахь а лелош йолу бедарш а, Беларусехь а бен деш доцчу ветан кIадин мотт-гIайба а бара бухкуш. Кхача кечбарехь оьшуш болу гIирсаш бохьуш баьхкина Ростовера предпринимательш а бара ярмаркехь.
– Тахана ярмаркин хьалхара де бен дац, делахь а, кхуза дуккха а адам деана. Тхо тешна ду Нохчийчоьнан бахархошна тхан сурсаташ оьшуш хирг хиларх. Нохчийн Республикехь дуьххьара дIахьош ю Беларусин ярмарка, тIейогIучу хенахь кест-кеста дIаяхьа а лерина, – элира Алябьев Владимира.
Лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де кхаччалц лаьттар ю Беларусин ярмарка.
ВЕГИЕВА Макка
№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо