Конкурсан жамIаш дира

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь дешархойн производствон бригадийн хьажаран конкурсан жамIаш дарна лерина даздарш дIадаьхьира хIокху деношкахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, юьртан бахаман министра Дадаев Мусас, экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдула.

Байханов ИсмаьIала шен къамелехь билгалдаьккхира, и конкурс дешархошна оьшуш хилар.

– Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца вовшахтоьхна яра и конкурс. Дика хеташ ду, билгалъяьккхинчу конкурсехь дешархойн дуккха а бригадаша дакъалаьцна хилар. Цо гойту вайна, вайн  берашна юкъахь къахьега лууш берш дуккха а хилар. Оцу конкурсехь дакъа мел лаьцначу дешархошна а, кечам беш царна гIо динчу хьехархошна а баркалла ала лаьа суна, – элира цо.

Карара зама, яханчу хене хьаьжча, дуккха а хийцаелла хиларх лаьцна элира I.Магомадовс.

– Суна дика дагадогIу, со жима волчу хенахь, жиманиг а, воккханиг а шайн кертахь къахьоьгуш, рицкъ кхиош хуьлура. Ткъа цул тIаьхьа дикка хан яьлла. ХIетахьлера сурт ца го хIинца. Лаьттаца болх бийриш кIеззиг бу.

Лаьтто вайна беркат схьалуш хилча, муха бийр бац цу тIехь болх?! Тхо кегий долчу хенахь-м школашкара къинхьегаман лагершка а буьгура дешархой. Цигахь а дуккха а пайдехь дерг Iемара дешархошна…

– Дешархошна юкъахь хIара тайпа конкурс вовшахтоьхна а, дIаяьхьна а хилар суна чIогIа мехала хета. Вайна ма-хаъара, лаьтто кхобу адам. Тахана вай оцу берашна Iамийнарг карор ду царна дахаран новкъа бевлча, – бохура Дадаев Мусас.

Иштта, цо хаийтира, тIедогIучу шарахь билгалъяьккхина конкурс вовшахтохарехь юьртан бахаман министерствос а дакъалоцург хилар.

Цул тIаьхьа билгалбехира конкурсан толамхой. Хьалхара меттиг Нажи-Юьртан кIоштан Даттахе юьртарчу юккъерчу школин дешархойн бригадо яьккхира, шолгIа меттиг Соьлжа-ГIалин А.М.Цебиевн цIарахчу №9 йолчу школин бригадина кхачийра, кхоалгIачу меттехь яра Грозненски кIоштан Нагорни юьртарчу юккъерчу школин бригада.

Хьалхара меттиг яьккхинчарна – 200 000 соьман совгIат дира, шолгIа меттиг яьккхинчарна – 150 000 соьман, ткъа кхоалгIа меттиг яьккхиначарна 100 000 соьман барамехь ахчанан совгIаташ дара. Иштта, дипломаш а делира.

Конкурсан жамIаш дарна лерина даздарш дерзийра дешархойн концертаца дешархоша эшарш, иллеш аларца.

З.ХАСИЕВА

Авторан суьрта тIехь: конкурсан жамIаш дарна леринчу цхьаьнакхетарехь

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: