Гадаев Валидан 45 шо кхачарна лерина концерт

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театран-концертийн залехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин халкъан артистан Гадаев Валидан юбилейн концерт. Иза дIаяхьар доьзна дара артистан 45 шо а, цуьнан кхоллараллин 25 шо а кхачарца.

Хьовсархошна юкъахь бара лараме хьеший: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iаьлви, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, кхиболу официальни нах а.

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, гулбеллачаьрга ша вистхиллачул тIаьхьа, Гадаев Валидана делира Нохчийн Республикин культурин министерствон совгIат – «Культурехь лаккхара кхиамаш бахарна» мидал.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира хаийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца Гадаев Валидана «Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволу гIуллакххо» сийлаллин цIе елла хилар, иштта, цо юбилярана дIаделира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу республикин юкъараллин фондан президентера Кадырова Айманера мехала совгIаташ.

Концертехь Гадаев Валида дIаэлира хьовсархошна уггаре дезаш долу шен иллеш «ГIала», «ХIун де ас, хьомениг», «ВогIу со», «ДIабоьду безам», «Есачу есалле», «Ирсе хир ду вайшиъ», «Нохчийн йоI», «Дог Iехадо», «Дуьне хьийзар ду», «Буьйсанан тийналлехь», «Шовдана йистехь», «Весет».

Концертан программехь иштта дакъалоцуш яра Нохчийн Республикин халкъан артист, Ташаева Марем («Геналла» цIе йолу йиш), А.-Хь.Кадыровн цIарахчу орденан кавалер, Россин Федерацин хьакъйолу артист Межиева Макка («Самукъане сахьт», «Сан Даймохк» эшарш), Нохчийн Республикин халкъан артист Эбиев Илес («Даймахкахь» цIе йолу илли ), Нохчийн Республикин халкъан артист Джамалдинов Ислам («Хьомениг» цIе йолу илли»).

Джабраилов Асхьаба, Мишаев Рудольфа, Усмаев Вахьида, Межиева Марета а кхузахь гайтира «Оьшуш долу адам» цIе йолу забаре сценка.

Юьззина зал а йолуш дIадаьхьира даздарш. Массо а самукъадаьлла вара артисташа дIааьллачу иллех, актерийн говзачу забарех. Цуьнан бахьана дара I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин, белхахоша оцу гIуллакхна дика кечам бина хилар.

I.ТЕРЛОЕВ

Авторан суьрта тIехь: конкурсан жамIаш дарна леринчу цхьаьнакхетарехь

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: