Ерригроссин кхерамазаллин, адамаш кIелхьардахаран «Майраллин гулам» («Созвездие мужества») фестивалан регионан лерринчу муьран «Бераш-турпалхой» номинацин жамIаш дина.

Оцу номинацехь лауреаташ хилла ТIехьа-Мартан кIоштан Керла Шара юьртара Зубайраев Мохьмад (7 шо), Магомаев Мохьмад (9 шо), Шелан кIоштан Гермчигара Тепсаев Адам (9 шо).
Керла Шарахь юьртахь М.Зубайраевс а, М.Магомаевс а хи чу воьдучуьра кIелхьарваьккхира 7 шо кхаьчна Ехиев Этхо. Иза хин берда йистехула схьавогIуш, ког тасабелча, когара мача, схьа а яьлла, хи чу йоьжнера. Цу чуьра иза схьаяккха охьатаьIча чу воьжнера. Хи дукха сиха догIуш а, кIорга а хиларна, ша хьала ца валавеллера кIант.
Охьадоьжначу диттан генах тасавелла хилла иза, амма хIора минотехь кIентан ницкъаш дIаболура. Цо доху орца а хезна, юьртан бераш гIоьнна даьхкина. Хьалха тIекхаьчначу М.Зубайраевн а, М.Магомаевн а кIант хьалаваккха аьтто белира.
Шела гIалахь. Тепсаевс хи чу доьжна ши шо кхаьчна бер кIелхьардаьккхина. Оцу дийнахь Адам шайн гергара нах болчохь хьошалгIахь хилла. Уьш Басс хих дехьаволучу гIашлойн тIай юххехь Iаш бу. Урамновкъахь ловзуш Iачу кIантана иттех метр дехьа хино охьадохьу бер гина.
Адама мохь тоьхна, амма иза цхьанна а ца хезна. Цул тIаьхьа кIант хи чу иккхина, шена нека дан ца хуъушехь. Хина юккъе дIа а вахана (къамкъарге кхочуш хи а долуш), берах ка а тоьхна, берда тIе даьккхина цо. Лоьраш хьаьвсинчул тIаьхьа иза метта а деана.
Фестивалан хIокху муьрехь лауреаташ хиллачара дакъалоцур ду 2018-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Соьлжа-ГIалахь дIахьур долчу совгIаташ даран даздаршкахь.
Билгалдаккха деза, Россин МЧС-о итталгIа дIахьош ю «Майраллин гулам» фестиваль. Юкъараллин гIуллакххой, журналисташ, МЧС-н белхахой вовшахтуху цо.
Россин МЧС-о хIокху тIаьхьарчу хенахь дIадаьхьначу гIуллакхех уггаре а йоккха мероприяти хилла дIахIоьттина фестиваль.
ХЬ.МУХАДИЕВА
(Россин МЧС-Н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хаамашца)
№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо