ТIекхуьучу чкъураца къахьегча, вайн кхане дика хир ю

Дукха хан йоццуш Шелан кIоштан Культурин цIийнехь кIоштан школашкарчу дешархойн дай-наношца «Бераш – вайн кхане» цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Иза вовшахтоьхнера кIоштан дай-нанойн комитето. Цхьаьнакхетар дIахьош яра комитетан председатель Магомадова Марина.

Цигахь дакъалецира Шелан кIоштан дешаран отделан заведующис Мусостов Аюба, кIоштан къедас Нециев Хож-Ахьмада, Нохчийн Республикин Дай-нанойн союзан председатела Агаева Яхас а.

Хьалхара дош олуш, вистхилира Мусостов Аюб: – Сайн къамелехь уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа дай-наношца хIара тайпана цхьаьнакхетар вовшахтохар мехала хилар. Вайна ма-хаъара, бер кхиорехь, школехь цуьнга дика дешийтарехь жоьпалле хьехархо хилла Iаш вац. Шайн бераш кхетош-кхиорехь дай-наноша дакъалоцуш ца хилча, вайга уьш кхоччуш Iамалур бац. Дешаран хьолах дерг аьлча, 9-чуй, 11-чуй классашкахь доьшучара уггаре а хьалха шайн тидам тIебахийта безарг ОГЭ, ЕГЭ ю, хIунда аьлча билгалъяьхна экзаменаш дIаяларе хьаьжжина хир бу церан дахаран некъ.

Бераш кхетош-кхиорехь дай-наноша гуттар а болх бан безар хьахийра шен къамелехь Шелан кIоштан къедас.

– Карара зама керлачу технологийн зама хиларо тIеIаткъам бо вайн тIекхуьучу чкъурана. ХIинцачул а 20 шо гергга хьалха кхин зама яра. ХIетахь телефонаш, интернет яцара. Тахана санна, гуонаха дIахьаь-хьаьжначохь берриге а телефонашца хан йоккхуш бацара. Кертахь дан дезарг деш, къахьоьгуш болу кегийрхой алсам бара.  ТIаьхьарчу хенахь даьржина ду корта бахош долу молханаш. Кегийрхой ларбала безара ишттачух, царна хаа дезара и саннарг зуламе а, хьарам а дуйла. Къоначеран харцновкъа бовла ойла цахилийтархьама цаьрца даима а кхетош-кхиорехь болх беш хила деза. Жимачохь, шен хьекъал доцчу хенахь хьарамчух дIакхетча, кхидIа болу цуьнан дахаран некъ а ирча тIаьхьало йолуш хуьлу. Оцу ойланех шайн доьзал ларбар а, царна денна хьехарш дар а уггаре а хьалха церан дай-наношна тIехь ду. Денна а схьагуш долчу шайн берана тIехь Iуналла дан деза, церан телефонаш тIехь дерг, доцург, муьлхачу социальни сеташ чохь хуьлу уьш – и дерриге а хууш хила беза дай-наной, иштта бен царна хуур дац шайн берийн дагахь дерг. Дай-наной чIогIа сема хила беза. Берийн дешарца бала хилла а ца Iаш, цуьнан телефонаца а, цо гергарло хьаьнца леладо а хаа деза дай-наношна, – дийцира цо.

– Хууш ма-хиллара, дай-наной бу шайн берийн дахарехь уггаре а жигара дакъалоцуш хила безарш. Нохчийн Республикин дай-нанойн союз 2011-чу шарахь кхоьллина ю. Иза вайна оьшуш а ю. Вайна ма хаьа, дай-наноша хьехархошца зIе латтош хилча, бер кхетош-кхио атта хир дуйла.

ХIора а беран гIиллакх шен хIусамера схьадогIуш ду. Де-нене хьаьжжина кхуьу доьзал а, хIунда аьлча цаьргара масал оьцу цара.

Тахана дай-наношка суна ала луург, школе деша догIучу шайн бере телефон ма яийта. Телефонаца эрна дуккха а хан йоккху бераша хIокху заманахь. Цул а дика хир ду, и хан цара Iилма Iаморехь яьккхича. Телефон доккха зулам ду, къаьсттина цунах пайда эца цахуучарна, – бохура Агаева Яхас.

Цул тIаьхьа Шелан кIоштарчу школийн дешархоша концертан программа гайтира.

З.КУНТАЕВА

Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: