Журналан хьалхарчу агIон тIехь Дакаев СаьIидбекан дешнаш ду далийна: «Нохчийчоь даима лаьттар ю доьналлехь дуьненал йоккха!». И дешнаш маьIне а, бакъ а хилар вайн къомана гина хIума ду. Мел баккхий бохамаш, халонаш тIехIиттарх а, Нохчийчоь юха а гIаьттина яха.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 66 шо кхачарна лерина ю Сумбулатов Денин «Шен халкъан а, шен мехкан а дуьхьа ваьхнарг» статья.
«2004-чу шарахь хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь дукха адам дара Соьлжа-ГIаларчу стадионехь Толаман де даздан гулделла. Гуттар а ша ма воггIура, тIеман дакъалацархой декъалбан а, цаьрца хазахетар декъа а веанера Нохчийн Республикин Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. БIаьстенан декхначу оцу дийнахь ямартло, тешнабехк кечбинчара дахаран некъ хадийра Ахьмад-Хьаьжин, машаре дахар дезачийн цIена хилла ойланаш а кхолош…
… Цуьнан дахаран некъ хадийначеран ницкъ ца кхаьчна халкъан дикане сатийсар, Нохчийн Республика юхаметтахIотто цо билгалбина некъ хадо…», – яздо автора.
Товбецан (сентябрь) беттан кхоалгIачу кIирандийнахь вайн республикехь даздечу Нохчийн зудчун денна лерина ю Арсанукаев Шайхин, Дакаев СаьIидбекан, Дикаев Мохьмадан, Алиев ГIапуран, Цуруев Шарипан, Ахмадов Мусан байташ.
«Проза» рубрикехь еша аьтто бу Бексултанов Мусан «Дегабаам», «МогIа а цхьаъ…», Алиев Мохьмадан «Аганан йиш» кегий дийцарш.
Деган а, синан а лазамах юьзна ю Гайтукаева Банин кхолларалла. ХIокху номерехь дешархойн еша аьтто бу цуьнан «ДIадахьийтаза кехаташ», «Къоьжа IиндагIаш», «Дорцехь богу чиркх…», «Гуьйренан илли», «Сан анайист» дийцарш.
Иштта, журналан агIонаш тIехь еша аьтто бу Саидова Лайлаан «Сан ненан нур догу ЗазаргIан», «Поэзи» рубрикера Варин Тепсаркин Юсупан «Хьо суна езалур хилча…», Домбаев Хьусайнан «Чухчахьер», Кусаев Iадизан «Бералла», Сайдуллаев Хьасанан «Суна-м хьо езнера» байташ а, «Юбилей» рубрикера Абуалиев Денин «Деган мерзашца лекхало поэтан дош…» (Сайдуллаев Хьасанан – 70 шо) а, Газиева Азин «Адамаллин серлонехь» (Д.Сумбулатовн 60 шо кхачарна лерина) статьяш.
«Драматурги» рубрикехь ю Ахмадов Мусан «Лаьмнел а лекха» шина декъах лаьтта пьеса.
«XX-чу бIешеран литература» рубрикехь «Нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран кхоллараллехь уггаре а йоккха меттиг дIалоцу историн темано. «Дарц» оцу могIарера «Еха буьйсанаш» трилогин кхоалгIа тIаьххьара роман ю. …», – яздо редакцис, лахахь А.Айдамировн «Дарц» романна юкъара «Эпилог» ялош.
А.Ахматукаевс гочйина белорусийн литературин классикийн Купала Янкин а, Колас Якубан байташ еша аьтто бу «Гочдарш» рубрикехь.
Пачхьалкхан бюджетан учреждени «Литературин-исбаьхьаллин журнал «Орга» арадолу 1958-чу шарахь дуьйна. ХIетахь дуьйна Нохчийн литература кхиорехь маьIне хилла дуьсуш ду журнал. Халахеташ делахь а, хьалха санна дукха бац журнале язлуш берш. Язло «Орга» журнале, кхайкхам бо редакцис.
Л.ДАУТОВА
№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо