Спортан керланаш

Т.Башаевн бIаьрла толам

Черногорин Подгорица гIалахь 23-шаре кхаччалц хенаш йолчу кегийрхошна юкъахь дзюдохула Европин чемпионатехь дашо мидал яккхарца республикин спортъезархошна доккха хазахетар дина Башаев Тамерлана.

Кхул хьалхарчу шерашкахь а кхиазхошна, кегийрхошна юкъахь хиллачу Европин чемпионаташкахь дакъалаьцна ву Тамерлан.

Амма мидал йоцуш цкъа а ца виснехь а (шиъ дато, шиъ йоьзан мидал яьккхинера цо оцу тIегIанерчу къийсадаларшкахь), Европехь хьалхеяккхаран турнирашкахь дашо мидал яккха ирс ца хиллера. ХIинца и совгIат а цуьнан долуш ду.

Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» клубан тоьллачу дзюдоистех цхьаъ волу Башаев Тамерлан Россин а, кегийрхошна юкъахь дуьненан а чемпион а, Европин Кубкан толамхо а ву.

Вайн спортсменаш – дуьненаюкъарчу турнирехь

Москвахь чекхъяьлла Кубок «Алроса» охьатохархлатархойн дуьненаюкъара турнир. Греко-римски кепара охьатохархлатарехь хьалхарчу метте елира Россин вовшахтоьхна команда.

Оцу кхиамна юкъа шайн хазна йиллира Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь турнирехь дакъалоцуш хиллачу нохчийн охьатохархлатархоша Лабазанов Чингиза, Акиев Iадлана, Акаев Лом-Iелас. Ала догIу, хьалхарниг дуьненан чемпион ву, ткъа важа шиъ кхушара хиллачу Россин чемпионатехь совгIатан меттигаш яьхна ву.

Хь.АБАЕВ

Кхиамийн закъалт

ГIуларахь дIаяьхьира республикин греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолчу Федерацин президентана Темишев Iадланна лерина йолу кегийрхошлахь схьайиллина турнир.

Турниран 10 категорехь дакъалоцуш вара 120 спортсмен. Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Ала деза, хIокху турнирехь лаккхара кхиамаш гайтира Соьлжа-ГIалин №4 йолчу ДЮСШ-н векалша.

Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой. Хьалхара меттиг яьккхира Эскерханов Тамерлана (46 кг.), КхоалгIачу меттигашкахь бара: Асаев Маьхьди (32 кг.), Гучигов Инал (35 кг.), Махатаев Ислам (36 кг.).

Оцу лакхарчу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Б.Тарамов, Б.Тулаев.

– Иштта, доккха баркалла ала луур дара турнир дIаяьхначу, кечйинчу тренершна Р.Эскерхановна, Т.Таиповна, – элира шен къамелехь Нохчийн Республикин хьакъволчу тренера Тулаев Беслана.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, ахчанан совгIаташца, грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: