Шелан кIоштан культурин урхаллехь

Шелан кIоштан Культурин дахаран хьал довза болчу лаамца, урхаллин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Найбышев Хаважица цхьаьнакхетар хилира тхан.

– Культурин урхаллина юкъайогIуш 6 учреждени ю, – дуьйцу Хаважис, – кIоштан Культурин цIа, юкъара библиотека, урхаллин аппарат, бухгалтери, искусствийн 2 школа. Кху шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна ярташкара культурин цIенош «Шелан муниципальни кIоштан Культурин цIа» юкъатоьхна ду.

ТIахьарчу шерашкахь тхан белхан хьелаш, кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела бахьана долуш, тоделла.

Доккха кIоштан цIа дина, чохь кхузаманан хьелаш а долуш. Хьакъ доллу нах бу учрежденийн куьйгалхой. Доккха зеделларг долуш ю кIоштан Культурин цIийнан директор Бисултанова Тамара, юкъарчу библиотекин директор Эльдарова Разет, искусствийн школийн директорш Гамиловская Роза, Магомадова Марха.

Шайн балхах лаьцна Шелан кIоштан Культурин цIийнан директора Бисултанова Тамарас дуьйцу: «КIоштан культурин цIийнехь къахьоьгуш 118 белхахо ву, царах 57 кхоллараллин белхахо ву. Шелан кIоштан Культурин цIенна юкъадогIуш долчу культурин 11 цIийнехь болх беш кхоллараллин 71 цхьаьнакхетараллаш ю. Цигахь Iамош 1 300 бер ду, 8 шарера 16 шаре кхаччалц хенаш йолу.

Хореографин, вокалан, исбаьхьаллин дешан, изобразительни искусствон (суртдиллар), театран, туьтеш дуцаран, дечигна тIехь куьцаш даран, гипсаца я кхечу гIирсашца хIуманаш яран, иштта, кхийолчу классашкахь а Iама аьтто бу берийн. Тхан коллективаша республикин фестивалашкахь а, конкурсашкахь а дакъалоцу.

Абуев Саламбека куьйгалла дечу хореографин «Аьрзу» ансамбло кху шарахь дакъалецира Буру-ГIалахь дIаяьхьначу «ПохIманчийн шатлакх» дуьненаюкъарчу фестивалехь, иштта Батумехь, Ставрополехь хиллачу хелхарийн конкурсашкахь кхиамаш бехира. Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь «Шира ков-керт» хIоттийначохь а, «12 нускал» цIе йолчу программи юкъахь а, Соьлжа-ГIалин 199 шо кхачар билгалдоккхучу гIуллакхашкахь а жигара дакъалецира.

2017-чу шарахь 180 мероприяти йина оха. Республикин «Бекалахь, ненан мотт!» фестиваль-конкурсехь «Вокал» номинацехула хьалхара меттиг а яьккхира, хIора шарахь дIахьош йолчу республикин «Нохчийн хелхар» фестиваль-конкурсехь 3 йоI, 1 кIант а совгIаташца билгалдаьккхира. Иштта, хьахо лаьа Абазова Хадижата куьйгалла деш йолчу методикин кабинетан болх а. Церан балха тIехь тидамбеш Культурин министерствон юкъайогIу «Халкъан кхоллараллин туш» ю.

Шеларчу Культурин урхаллин методикин кабинет республикин методикин кабинеташна юкъахь тоьлларг ю аьлла мах хадийна ю. Дикачу белхахойх бу методисташ: Ахматханова Радима, Борщигова Луиза, Дадаева Амнат, Эльдарова Амина. Культурин цIийнан вокал-классан исбаьхьаллин куьйгалхо, Нохчийн Республикин халкъан артистка Исраилова Сацита, вокалисташ Солтамурадов Бислан, Алиханова Марет, Халидова Залина.

Куьйгаговзаллин белхаш Iамош йолу Асланбекова Айнат, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан искусствийн факультет яьккхина говзанча ю. Цо Iамош 60 бер ду. Хьахо вогIу халкъан музыкин гIирсийн оркестран куьйгалхо, Нохчийн Республикин хьакъволу артист Халидов Шарпудди, дечиг-пондар локхуш волу Хасиханов Мохьмад, Исламов Хьусайн.

КIоштан ярташкарчу культурин цIийнех тоьлла лоруш ду ЭгIаштара Культурин цIа. Цуьнан директор Нохчийн Республикин хьакъйолу белхахо Сулаева Малика ю. Цо кхоьллина 9 клуб ю. ХIора дийнахь болх беш кружокаш ю.

– Шелан кIоштан библиотекин системина юкъайогIуш 11 библиотека ю, – дуьйцу Шелан муниципальни кIоштан юкъарчу библиотекин директора Эльдарова Разета, – 26 белхахо а ву тхан, царах 22 кхоллараллин белхахо ву. Тхан книгин фондехь таханлерчу дийнахь 85 875 книга ю (кху шеран хIутосург (май) беттан 25-чу дийнахь «Книга совгIатана луо» акцехь елларш йоцурш), библиотекашка дIаязвелла 17 365 стаг ву. Кху шарахь 407 мероприяти йина, ткъа царах кIоштан а, республикин а тIегIанехь йинарг 50 ю. Кху шеран хьаьттан (август) баттахь, тхан коллективашца экскурсеш а йира оха Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» хIолламан комплексе а, «Нохчийчоьнан дог» маьждиге а.

КIоштахь дIаяханчу «Даймехкан турпалхо» фестивалан зональни конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина йолу Эвтарара Исрапилова Хьава финале елира. Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос вовшахтухучу гIуллакхашкахь дакъалецира йоIа.

Хьехархочун де а , Кегийрхойн де а билгалдоккхучу даздаршкахь жигара дакъалецира Шелан кIоштан Культурин урхаллина юкъайогIучу коллективаша. Соьлжа-ГIалин Денна лерина Шелан кIошто вовшахтоьхначу «Шира кхерч» гайтамехь тхан белхахоша кечдина нохчийн къоман даарш чомехь хеттера вайн мехкан хьешашна.

Ерриге а мероприятешкахь жигара дакъа а лоцуш, балха тIехь кхиамаш а бохуш схьабогIуш бу тхан белхахой, массеран а цIерш яха аьтто цахиларна, цхьаберш бовзийта лаьа. Царах ю: Нохчийн Республикин хьакъйолу белхахо, берийн коьртачу библиотекин заведующи Зангаева Зина; библиотекарш: Туркаева Хьава – кIоштан библиотека; Дуби-Эвлара Музаева Малида; ЭгIаштара Хуцугов Iела; Эвтарара Эдилсултанова Фариза; БелгIатойн-Эвлара Айдамирова Малкет, Закаева Хьалимат; Сиржа-Эвлара Радуева Iайшат.

Библиотекехь кху шарахь «ИРБИС» программа юкъаяьккхина. Гайтарш генара, муьлххачу а библиотекица, дистанционни урхаллица лелон аьтто хилар коьртаниг ду оцу программин.

Интернетехула зIе латто йиш хилар ду иза. Механа еза йолу и программа, оьцуш аьтто бинарг Шелан кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела ву.

2018-гIа шо тIекхачале тхан дерриге а тептарш программи чудаьхна хила дезаш ду. Иза оха кхочуш а дийр ду. Цул сов, ерриге а ярташкарчу библиотекашна, схьакхачаезаш компьютерш, терхеш, йийбарех кхиболу гIирсаш а бу.

Шеларчу МБОУ ДО «Шелин искусствон берийн школин» директора Гамиловская Розас дуьйцу: – Кху школехь 1979-чу шарахь дуьйна болх беш ю со. Школехь 12 белхахо ву, Iамош 207 бер ду. Хореографин классехь 102 бер ду, изобразительни искусствон – 55 бер, фортепьяно – 34, дечиг-пондар – 8, гитара – 8.

Iемаш дерш 6,5 шарера 15 шаре хенаш кхаччалц йолу бераш ду. Дешаран сахьташ берийн юккъерчу школехь дешарна мукъа хуьлучу хенашца нисдо оха. Школехь болх беш дика говзанчаш бу. Масала: фортепиянон классехь долу бераш Iамош ю Асхабова Эмилия, хореографин классехь долчу берашна хьоьхуш ву, «Аьрзу» ансамблан куьйгалхо Абуев Саламбек. Со зудаберийн хор Iамош ю. Оха масех толам а баьккхина фестивалашкахь.

Теоретикин низамаш: сольфеджио (мукъаме ладогIар), ноташца йишлакхар, музыкин литература хьоьхуш Асхабова Таисия ю. Кху шарахь школа 17 дешархочо чекхъяьккхина, царах 4 юккъерчу дешаран музыкальни заведенешка деша вахана.

Тхан дешархо хилла Ибрагимова Эмилия Соьлжа-ГIалин культурин а, искусствон а колледже фортепьанон отделене, Арсемикова Зарета оццу колледжан вокалан отделене, Масаева Рабият хореографин отделене деша яхана. Иштта, тхан дешархой хелхаран «Вайнах», «Нохчо», «Заманхо» коллективашкахь белхаш беш бу. Нохчийн зудчунна, Ненан денна леринчу а, кхидолчу а даздаршкахь дакъалоцу оха.

Эвтарара искусствон берийн школа 2003-чу шарахь Байдаева Раисас йиллина яра. Тахана цигахь директор йолчу Магомадова Мархас дуьйцу: – Тхан школехь 7 белхахо ву, царах 5 хьехархо ву.

Оцу пхеаннах 4 тхан школа чекхъяьккхина а, лаккхара дешар чекхдаьккхина а ву. Изобразительни искусство хьоьхуш йолчу Бахарчиева Дедикин дешархочо-суьрташдахкархочо Юсупов ГIеза-Мохьмада толам баьккхира 2016-чу шарахь дIаяьхьначу «Баркалла дедена» конкурсехь.

Шен хьехархочуьнца цхьаьна 4 денна садаIа Санкт-Петербурге а кхайкхина, Россин культурин министран заместитела Манилова Аллас Сийлаллин грамота а елира къоначу суьрташдахкархочунна. Зеделларг долуш, берашна дукхабезаш бу изобразительни искусствон хьехархо Баудинов Аслан а, дечиг-пондар Iамош болу ЮсупхаджиевгIар Iийса, Юсуп.

ДIайоьдуш йолчу Ерригроссин изобразительни искусствон «Уникум» конкурсан региональни декъех чекхбевлла тхан суьрташдахкархой. Кху деношкахь дIаяьхьначу Димаев Iумаран цIарахчу «Шира мукъамаш» региональни конкурсехь 3-гIа меттиг яьккхина тхан музыканташа.

А.СУЛЕЙМАНОВ

Саламов Iелин суьрташ тIехь: Магомадова Марха; Эльдарова Разет, Найбышев Хаваж, Бисултанова Тамара; Гамиловская Роза, Асхабова Эмилия берашна урок луш

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: