А.Ждановн цIарах йолчу Ленинградерчу университетан журналистикин факультетан студентка Магадаева Санет производственни практика дIаяхьа дуьххьара «Ленинан некъ» газете еара 1986-чу шеран аьхка.
Газетан редактора Айдаев ЮшаIа цунна хьийхира практика корректор хилла дIайолийча, газетан белхан къайленаш сихха евзирг хилар а, журналистан корматалла караерзорна и болх дика юьхьйолор хилар а.
ДIаелира цхьа хан. Санетана дика карайирзира корректоран корматалла. ЙоIа дозалла дора кхечара довлийтина гIалаташ нисдан шен таро хиларх а, шена уьш карорах а. Евзира белхан коллектив. Гира белхахой цхьабарт болуш, чулацаме газет арахецаран цхьана Iалашонца болх беш хилар.
– Журналисташ цхьа бертахь доьзал санна, вовшашца мерза юкъаметтигаш йолуш, оьзда, гIиллакхехь бара, – дагалоьцу Санета. – Дуьххьара коллективе балха еанчу суна, гуттар а гIо-накъосталла дан, сан дика-вон соьца декъа кийча бара журналисташ: Чалаев Билал, Кагерманов Докка, Шахмурзаев Адам, Магомаев Леча, Темирсултанов Iалис, Исмаилов Iимран, кхиберш а.
– Суна даггара езаелира редакцин белхан коллектив а, журналистан корматалла а, – кхидIа а дуьйцу Санета. – Ас сацам бира университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа билггала нохчийн маттахь арадолуш долчу «Ленинан некъ» газете, оцу коллективе балха яха.
Санета шен сацам кхочушбира. Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа «Ленинан некъ» газете юхаеара иза. Керла белхахо газетан кехатийн отделе корреспондент яхийтира.
– Оцу отделехь болх беш йолчу хенахь суна дика девзира республикехь халкъан бахамехь а, культурехь а, литературехь а, къаьсттина бахархойн хьашташ кхочушдарехь а долу хьал, – дагалоьцу Санета. – Оцу дерригенах а лаьцна дуьйцуш, кехаташ, хаамаш кхочура отделе. Дукха хьолахь бахархой шаьш а богIура редакце шайн дика а, вуон а дийца, цхьаццадолчу дехаршца, къаьсттина хазахетара баккхий нах баьхкича. Цара дуьйцура шайн дахаран зеделлачух, гинчух, лайначух лаьцна. Ас яздора предприятешкахь, организацешкахь, хIусамийн-коммунальни бахамехь, махлелорехь, медицинехь, кхечанхьа а, бахархойн хьашташ кхочушдарехь долчу кхачамбацарех лаьцна. Дагна чIогIа там хуьлура оцу кепара язйина материал шена критика еш йолу учреждени чуйогIучу лакхахь лаьттачу органе талла а яхьийтина, юха цигара, билгалдаьхна кхачамбацарш дIадаьхна, уьш далийтинчу организацин куьйгалхочунна таIзар дина я тIейогIучу хенахь оцу кепара гIалаташ кхин цадовлийтар лехна, аьлла хаам кхаьчча. Хазахетара арз деш волчунна гIо-накъосталла дан сайн таро хиларх. Санета дIахьора республикехь бевзаш болчу нахаца интервьюш, язйора очеркаш, проблемийн статьяш, кхийолу материалаш.
90-чу шерашкахь республикехь бевзаш болу кегари болабалар бахьана долуш, газет ара ца долуш саццалц цигахь болх бира Санета.
Магадаева (Хаджимурадова) Санет йина 1964-чу шеран 29-чу асаран (июнь) баттахь Йоккхачу АтагIахь. Дешна Йоккхачу АтагIарчу №3 йолчу а, Жимачу АтагIарчу №10 йолчу школа-интернатехь а, Соьлжа-ГIаларчу №91 йолчу юккъерчу школехь а, Дуби-Эвларчу юккъерчу школехь а.
1981-чу шеран асаран (июнь) баттахь цIерпоштнекъан «Грозный» станцин ОРС-н №1 йолчу туькана йохкархочун балха яхара. Оццу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша яхара.
1984-чу шарахь Ленинградски университетан журналистикин факультете дехьа елира Санет. Иза цо чекхъяьккхира 1987-чу шарахь.
1988-чу шеран кхолламан (январь) беттан 12-чу дийнера 1993-чу шеран хьаьттан (август) беттан 10-гIа де кхаччалц «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь яра.
1996–1997-чу шерашкахь чоьхьарчу гIуллакхийн Къилбаседа Кавказан линейни урхаллехь психологан а, берийн «СтелаIад» журналехь литературни белхахочун а, аптекехь фармацевтан а белхаш бира Санета.
2002-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь дуьйна Хаамийн «Грозный-информ» агентствехь тайп-тайпана даржашкахь къахьоьгуш ю Санет: агентствон агропромышленни отделан, социально-экономикин керлачу хаамийн отделан хьаькам а, коьрта редактор а хилла, карарчу хенахь агентствон телестудин хьаькам ю иза.
Миччахьа а болх беш хилча а, белхан коллективашкахь сий деш а, лоруш а ю иза. Билгалдоккху иза леларца а, йистхиларца оьзда, гIиллакхехь а, шен белхан декхаршца ларош а, хьанал болх беш а хилар.
Санета дуккхазза а дакъалаьцна журналистийн тайп-тайпанчу конкурсашкахь. 2010-чу шарахь цо хьалхара меттиг яьккхира А.-Хь.Кадыровн цIарах йолчу региональни юкъараллин фондан «Дашо пелаг» цIе йолчу конкурсехь, иштта толамаш баьхна республикин Журналистийн союзан «Вай а, зама а» конкурсехь а, «Россин экономикин кхиар», Чернобылан АЭС-хь авари хилла 25 шо кхачарна лерина хиллачу а, дуккха а кхечу а конкурсашкахь.
Россин Журналистийн союзан декъашхо ю Санет.
С.МАГОМАЕВ
№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо