Сийлахь РаббиIул-Аввал

Бусалбанийн рузманехь шеран кхоалгIа бутт бу Сийлахь РаббиIул-Аввал. Оцу беттан 12-чу (оршотан) буьйсанна дуьнен чу ваьлла адамашлахь уггаре а сийлахь, дика, оьзда, гIиллакхе хилла волу АллахIан Сийлахь Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Бусалбанаша, царна юкъахь нохчаша а, мовладан бутт а олу цунах.

РаббиIул-Аввал беттан 12-гIа буьйса къаьсттина еза а, сийлахь а ю бусалбанашна, Мухьаммад-Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу вар даздеш, оцу буьйсанна алссам салаваташ дахкар, мовладаш дешар (дешийтар), кхидолу Iибадат дар деза ду. Делахь-хIета, оцу буса Iамалъярехь совдовла хьовса деза вай.

Вайн Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валале хьалха дерриге а халкъаш Iеса хилла, АллахIан цIеначу, нийсачу некъа тIера дIахьаьвзина хилла. Уьш жехIила хилла. Къизалла яьржина, адамашна юкъара къинхетам дIабаьлла хилла.

ХIетахь зударий а, божарий а, даьхний санна, бухкуш-оьцуш хилла, къаьсттина Iаьрбийн мехкашкахь. Цигахь доьзалехь зудабер дуьнен чу далар а эхье лоруш хилла.

Везачу АллахIа адамех къинхетам беш ваийтина Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Иза дуьнен чу ваьлча ворхIе стигало, ворхIе латтано АллахIана хастам бина: «Мархьаба маршава, ва Делан Элча», – аьлла, Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маршалла а хаьттина. Иза дуьнен чу ваьллачу дийнахь дуккха а Iаламаташ хIиттина.

Къурайшийн тайпанах ХIашимин цIийнах уггаре а сий-лараме волчу цуьнан дедас Iабдул-МутIалиба дийцина: «Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлча КаIбатна (хьаьжцIенна) тIаваф дира ас (гуонаш дехира). Буьйса юкъал тIехъяьлча, КаIбат, ИбрахIим Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьттинчу агIор дирзина, тасбихь деш хезира суна.

«АллахIу Акбар! АллахIу Акбар! АллахIу Акбар!» – бохуш, аьзнаш дара хезаш. Тхан наха корта бетташ (сужуд деш) хилла дерриге а цIуйш, охьадетталуш, атаделира. Уггаре а доккха цIуй, шен цIе Хьубал йолуш долу, лаьттах кхетта, даьржина дIадахара.

«Амината Мухьаммад вина», – боху аз а хезира суна. Сафа лома тIе хьалавелира со. Йоккха гIовгIа яьккхинера цигахь олхазарша а, акхароша а. Уьш дерриге а Макки чу схьагулделча санна хетара. Цул тIаьхьа Аминатан неIаре вахара со. НеI къевлина яра, зайл а боьллина.

Ас элира: «НеI схьаеллахьа». Аминат дуьхьал йистхилира: «Мухьаммад веана вайга», – аьлла. Ас цуьнга дийхира: «Схьавахьа, со хьажийтахьа цуьнга». Цо соьга элира: «Пурба ца ло суна. Цхьа воккха стаг веанера, цо элира соьга кхо де-буьйса даллалц кIант, цхьанна а ма гайта», – аьлла.

Ас шаьлта хьалаэккхийтира, неI а кагъеш, цIа чу эккха дагахь. Карахь тур а долуш, юьхь дIахьулйина а йолуш, цхьа къонах хIоьттира дуьхьал, некъ боьхкуш.

«ХIай, Iабдул-МутIалиб, собаре хилахьа, Маликаш ду хьан кIентан кIант волчу даьхкина», – элира цо.

Со эгийра. Кхаа дийнахь мотт сецна, цхьаьнгга а хIума ца алалуш висира со», – бохуш. И дийцар даладо Мохьмада шен «Элча хьехор» жайнехь.

Ткъа Iеламстага Муртазаев Сайд-Мохьмада шен «Мухьаммад (АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна) дахаран масал» жайнехь боху: «… Мийлад терахьашца лерича (Керста нехан рузма – С.Х.) пхи бIе кхузткъе цхьайтталгIачу шеран оханан (апрель) беттан дийнан Iуьйранна девешин Абу-ТIалибан хIусамехь дуьнен чу велира Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).

Иза дуьнен чу ваьллачу буьйсанна хаьрцира Кисран гIала. Масех эзар шарахь дIа ца йовш лаьттина йолу цIарна корта тухучеран цIе дIаяйра.

Сават хIорд бакъабелира, дуьнен чу малх кхетале хьалха дуьне серладаьккхинера тамашийначу нуьро. Иштта а, кхин а даккхий а Iаламаташ хIиттира Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу буьйсанна.

РаббиIул-Аввал беттан дан ма-дезза хьурмат дан, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сий-ларам бан, цуьнан суннаташ кхочушдан, Шен фарзаш кхочушдан Везачу АллахIа пурба лойла-кх вайна оцу баттахь а, цул тIаьхьа тIейогIу йолчу хенашкахь а. Амин!

С.ХАСАНОВ

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: