Ловзарийн клубийн неIарш кхиазхошна дIакъевлина

Соьлжа-ГIалин мэран хьалхарчу заместителан – Соьлжа-ГIалин мэрин Аппаратан куьйгалхочун Бурсагов ИбрахIиман дIадолорца лахьанан (ноябрь) беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна дIадолийна буьйсанна болх бечу ловзарийн клубашкахула талламаш бар.

Оцу гIуллакхна лерина вовшахтоьхна комисси ю. Цуьнан декъашхоша ловзарийн клубашкахула талламаш буьйсанна дIахьо. Бечу талламийн гурашкахь къамелаш до клубийн дайшца а, цу чохь садоIучу кегийрхошца а.

Билгалдаккха догIу дукхах йолчу клубашка дешаран хенахь а, буьйсанна 11 сахьт даьллачул тIаьхьа а 18 шо кхачаза болу кхиазхой буьтуш цахилар.

– Соьлжа-ГIалахь мел йолчу ловзарийн клубийн дайшца къамел хилла тхан. Оха цаьрга доьхург цхьаъ ду: буьйсанна 11 сахьт даьллачул тIаьхьа 18 шо кхачаза болу кхиазхой клубаш чу цабитар. Уьш тхох кхеташ хиларал сов, оха хIара болх дIаболабале дуьйна а хилла цара шайна и къепе дIахIоттийна, – бохуш дуьйцу комиссин декъашхоша.

Иштта, цара билгалдаккхарехь, наггахь бен ца нислахь а, кхиазхо буьйсанна 11 сахьт даьллачул тIаьхьа ловзаран клуба чохь карош меттиг а нисло. Цул тIаьхьа цуьнца а, цуьнан дай-наношна а, ловзаран клубан деца а къамел до, тIаккхахула иштта хIума далахь, клубан дена а, дай-наношна а гIуда тухург хилар дIа а хоуьйту.

Дагадоуьйту «Административни бакъонаш талхоран хьокъехь долчу» Нохчийн Республикин 2008-чу шеран хIутосург (май) беттан 8-чу дийнахьлерчу №17 йолчу законан III-чу коьртан 6-чу статьяца нийса а догIуш, буьйсанна 11 сахьт даьлча, Iуьйранна 6 сахьт даллалц йолчу хена чохь кхиазхо (юххехь верас а воцуш) юкъараллин, садаIаран, самукъадаккхаран меттехь хаалахь, цуьнан дена-нанна 500 соьма тIера 2 000 соьме кхаччалц гIуда тоха догIу.

И.ХАСАХАНОВ

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: