Иштта цIе йолу студенташна лерина олимпиада дIахьош ю «Росси – таронийн мохк» проектан гурашкахь.
Кегийрхошна шайн корматаллин хьуьнарш кхио а, къинхьегаман декъехь оьшуш болу говзанчаш хила а таро луш йолу социальни система кхолларна лерина ю проект.
Олимпиадехь дакъалаца таро ю бакалавриатан, специалитетан, магистратурин лакхарчу курсийн студентийн. Россин промышленникийн а, предпринимателийн а союзо а, Ерригроссин «ГIуллакхан Росси» юкъараллин организацис а мехкан тоьллачу университеташца цхьаьна вовшахтоьхна ю олимпиада.
Проектан коьрта Iалашо ю экономикин таронаш кхочушъяр шайх доьзна болу нах – похIме студенташ, шайн корматаллехь тоьлла болу говзанчаш, коьрта Iилманчаш, говза бизнесменаш – цхьаьна меттехь гулбар а, царна юкъахь зIенаш тасар а. 2017-2018-чуй дешаран шарахь олимпиада дIахьур ю 27 декъехула, экономикина а, дарбанан гIуллакхана а тIера фотоникина а, геологина а тIе кхаччалц.
Толамхошна тоьллачу вузийн а, талламийн туьшийн а магистратурехь, аспирантурехь деша а, Россин тоьллачу компанешкахь стажировка ян а бакъо лур ю.
2018-чу шеран чиллин (февраль) баттахь уггаре а кхиамечу студенташна (олимпиадин дакъалацархошна) лерина Iаьнан школаш вовшахтухур ю, цигахь царна хьоьхуш хир бу шайн говзаллехь тоьлла болу дуьненан говзанчаш.
Россин ерриге регионаш а, вузаш а юкъалоцур ю олимпиадин боламо. Цунах лаьцна кхин а шуьйра хаамаш бовза таро ю хIокху сайта тIехь: yandex.ru/profi.
А.СУЛИМАНОВА
№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо