ДIахьур ю «Бакъонийн ерригроссин диктант»

Карарчу шеран гIуран (декабрь) беттан 9-чу дийнахь Россехь дIахьур ю «Бакъонийн ерригроссин диктант». Нохчийн Республикехь оцу диктантана лерина ши майда кечйийр ю – Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а.

Билгалдаккха догIу диктант 2014-чу шарахь Россин Президента В.Путина къобалдинчу «Россин Федерацин бахархойн бакъонашкахула долу хаарш кхиоран пачхьалкхан баххийн» гурашкахь дIахьош хилар.

Вовшахтохараллин белхаш дIахьо Ерригроссин юкъараллин «Деловая Россия» организацис» а, Россин Г.Плехановн цIарахчу экономикин университето а, МоногIаланаш кхиоран фондо а.

Диктантан жамIаша гойтур ду Россин бахархойн (иштта, диктанта юкъахь дакъалоцучу хIора а субъектерчу бахархойн) бакъонашца доьзна долчу хаарийн тIегIа.

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: