Нохчийн боксераш – «Черкесскан Кубок» турнирехь

ХIокху деношкахь Черкесск гIаларчу «Спартак» спортан цIийнехь дIайирзира «Черкесскан Кубок» цIе йолу регионашна юкъара боксехула йолу турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Къилбаседа Кавказан федеральни округан массо а регионашкара 2004–2006-чуй шерашкара кхиазхой.

Къийсадаларийн кхаа дийнахь къоначу спортсменаша боксерийн ринга тIехь гайтира шайн говзаллин техника а, толам баккха болу лаам а. Оцу турнирехь дакъалецира Нохчийн Республикерчу «Ахмат» цIе йолчу республикин спортан клубан боксераша а. Тренера Бачаев Абу-СаIида Iамийна спортсменаш бара уьш. Тайп тайпана мехалла йолу пхиъ совгIат даьккхира цара цигахь.

Къийсадаларийн уггаре А къона дакъалацархо Дакаев Турпал йозаллин барам 32 кг. йолчу категорехь леташ вара. Финалан латарехь ринган дена тIехь толам боккхуш, дашо мидал яьккхира цо.

76 кг. сов йозалла йолчарна юкъахь къовсалуш, Алимханов Бекхан а велира сийлаллин пьедесталан лаккхарчу тIегIан тIе. Чемпионан сийлахь цIе Ставрополан крайрчу спортсменера схьаяьккхира нохчийн боксера.

Иштта, билгалдаккха деза Б.Алимхановна «Турниран тоьлла боксер» номинацехь совгIат дина хилар а.

Дато мидал яьккхира Хангоев Зеламхас. Ткъа йоьзан мидалш яьхначарна юкъахь ву Дадаев Мумади а, Чимаев Мансур а, Тимагов Тимирхан а.

I.МУРТАЗОВ

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: