Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана лерина

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина сихачу шахматашкахула берашна-кхиазхошна юкъахь хьалхеяккхаран Ерригроссин турнир дIаяьхьар хIинца ламасте дирзина – карарчу шарахь ворхIазлагIа вовшахтухуш яра иза.

Даздаран хьолехь турнир схьаелларехь дакъалецира Россин Президентан ЮФО-хь волчу векалан заместитела Гурба Владимира, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Ростовн областан губернаторан заместитела Гуськов Игора, Дона-тIера-Ростов гIалин администрацин куьйгалхочун заместитела Кожухова Еленас, Ростоверчу пачхьалкхан экономикин университетан ректора, экономикин Iилманийн доктора Альбеков Адама, иштта кхечу официальни наха.

Маршаллин дош олуш, вистхиллачу Умаров Джамбулата билгалдаьккхира тIекхуьучу чкъурехь шахматашка безам кхиорехь а, ткъа иштта къаьмнашна а, регионашна а юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIъярехь а турниро доккха маьIна лелош хилар. Иштта цо хаийтира турнир дуьненаюкъара хилийтарна тIехь министерствос болх беш хилар а.

Хьешийн а, дакъалацархойн а таро хилира Нохчийчоьнан кхиарна а, культурин, спортан дахарна а леринчу видеоролике а, суьртийн гайтаме а хьовса.

Турнирехь дакъалецира Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу 250 гергга къоначу шахматиста. Шайн хенашка хьаьжжина, дакъалацархой 6 тобане а бекъна, дIадаьхьира къийсадаларш.

Турниран жамIашкахула хIора тобанехь а билгалваьккхина виъ-виъ толамхо. Царна совгIаташ дIаделира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.

Спортан а, доттагIаллин а шатайпа дезде хилла дIахIоьттира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, Нохчийн Республикин Ростовн областерчу Векалалло а вовшахтоьхна турнир. Хьешаша а, дакъалацархоша а билгалдоккхура иза, дерриге а оьшучуьнца кхачойина, вовшахтохараллин лаккхарчу тIегIан тIехь дIаяьхьна хилар.

Хь.АБАЕВ

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: