ХААМ. Гранташ яларан конкурс

Нохчийн Республикин  къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн (кхидIа  министерство) министерствос хаам бо  «2014–2018-чуй шерашкахь  региональни  политика а, федеративни юкъаметтигаш а кхиор» Нохчийн Республикин пачхьалкхан программа, «2014–2016-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь  къоман кхиар а, къаьмнаша цхьаьнагIуллакхашдар а» регионан подпрограмма  кхочушъяран гурашкахь  субсидеш  даларна граждански цхьаалла  чIагIъяран а, къаьмнийн  юкъаметтигаш аьхна  яран а, къаьмнийн  культураш кхиоран а дакъошкахь  долчу юкъараллин  дIадолорийн гранташца  гIолацаран конкурс коммерчески  йоцчу организацешна  юкъахь  дIахьош  хиларан хьокъехь.

Конкурсехь дакъалаца таро хир ю  Нохчийн Республикехь къаьмнийн  юкъаметтигийн декъехь болх беш  йолчу, шайн расчетни  счет  йолчу, юридически  яххьийн Цхьааллин  пачхьалкхан  реестрехь  регистраци  йина   йолчу  коммерчески йоцчу  организацийн.

Конкурсан комиссис заявкин  мах хадабо хIокху  билгалонашца:

– проектийн мехалла а, маьIна  а;

– проектан  юкъарчу  стратегица  шех пайдаоьцу методикаш а,  социальни  технологеш  а  йогIуш  хилар;

– цуьнан декхаршна а, Iалашонашна а  проект  жоп луш  хилар;

– харжийн эвсаралла, адамаш юкъаозоран  барам;

– коьртачу некъашкахула  проект чекхъяьллачул  тIаьхьа а гIуллакхдан таро хилар.

Конкурс дIаяхьаран хан – 2014-чу  шеран хьалхарчу ноябрера  20-гIа  декабрь кхаччалц.

Конкурсехь дакъалацарна  оьшу  заявкаш министерствехь дIаоьцу  2014-чу шеран 1-чу ноябрера  15-гIа ноябрь  кхаччалц  (Дудаевн  бульвар, Радион цIа), белхан  деношкахь  9 сахьт даьлча  17 сахьт  даллалц. Конкурс  дIаяхьаран  къепе  йовза таро хир ю  министерствон  сайтан  Пресс-Центр–Мероприятия декъехь. Телефон: 22-20-06.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: