Экономикин зIенаш тесна

Терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторан гIуллакхаш дийцинчул тIаьхьа, Чинин делегацица дийцаре дира Чинин Халкъан Республикин Синьцзян-Уйгуран автономин кIоштана а, Нохчийн Республикина а юкъахь экономикин а, туризман а, махлелоран а декъехь зIенаш дIатасаран гIуллакхаш.

Цигахь хьешашца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Правительствон кхо вице-премьер – Тагаев Султан (финансийн министр), Байтазиев Муслим (промышленностан а, энергетикин а министр), Хакимов Хьасан, иштта, экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Магомадов Iабдул, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Ахмадов Хьасан, Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан председатель Шуаипов ШаIрани, кхиберш.

Хьешашка маршалла а хоттуш, вистхиллачу Тагаев Султана дийцира Россина а, Чинина а юкъарчу зIенех лаьцна.

– Хууш ма-хиллара, Россин а, Чинин а куьйгаллин тIегIанехь сих-сиха дIахьо шина пачхьалкхан юкъарчу зIенашна лерина цхьаьнакхетарш. Цигахь дийцаре до политикин, экономикин, культурин, туризман, бизнесан, финансийн декъехь долу гIуллакхаш. Лаккхарчу тIегIанехь оцу гIуллакхна бух «боьттина» хилча, Россин а, Чинин а регионаша а вовшашца зIенаш таса еза аьлла хетта тхуна, – элира цо.

Хьешаша хаийтира туризман а, культурин а, энергетикин а, махлелоран а декъехь шайна Нохчийн Республикица зIенаш таса лууш хилар.

Оцу декъехь кхидIа а болх бан барт а хуьлуш, дIадерзийра цхьаьнакхетар.

И.ИСЛАМОВ

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: