Лахьанан (ноябрь) беттан 17–18-чуй деношкахь Нохчийчохь хилира Чинин Халкъан Республикин Синьцзян-Уйгуран автономин кIоштан (СУАР) делегаци. Делегацина коьртехь вара Чинин Халкъан Республикин кхерамазаллин а, терроризмаца къийсам латторан а декъехула леррина векал волу Гопин Чэн.
Соьлжа-ГIаларчу «Грозный-Сити» отелан конференц-зала чохь Нохчийн Республикин векалшца дIадаьхьначу хьалхарчу цхьаьнакхетарехь цара дийцаре дира терроризмаца къийсам латторан декъехь Нохчийн Республикина а, Синьцзян-Уйгуран автономин кIоштана а юкъара зIенаш тийсаран гIуллакх.
Оцу цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикин куьйгаллин цIарах дакъалецира республикин Юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин советан секретара Усмаев ВахIита, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитела Бисултанов Яхьяс, чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитела Алаудинов Аптис, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Ахмадов Хьасана, республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Муфтин наиба Абдулаев Аслана, кхечара.
Шен къамелехь Алаудинов Аптис хьешашна дийцира республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн органаша а, лерринчу службаша а терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь бечу балхах лаьцна.
– Нохчийн Республикехь болх бечу лерринчу службаша а, чоьхьарчу гIуллакхийн органаша а толам баьккхина Нохчийчохь шайн зуламаш а, бохаме гIуллакхаш а дечу дуьненаюкъарчу терроризман а, экстремизман а дакъошна тIехь. Оцу некъа тIехь кхелхина Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьажа а, нохчийн халкъан эзарнаш кIентий а, йоIарий а. Делахь а, кхузахь билгалдаккха догIу терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь бакъонаш ларъяран органашна гIо-накъосталла дина юкъаралло а, Iеламнаха а, Къанойн кхеташоно а. Цаьргара гIо ца хиллехь, республикехь экстремизман а, терроризман а лараш дуккха а шерашкахь хаалуш хир яра. Тахана тхан кегийрхойн хьафизийн школашкахь Къуръан дагахь Iамо а, Россин исламан университетехь динан арканаш а, светски дешаран вузашкахь дуьненан Iилма Iамо а аьттонаш а бина, хьелаш а кхоьллина. Цундела кхузарчу кегийрхошна «динан» экстремизм кхераме цахиларх тешна ду тхо… Интернет чохь бу оцу декъехь кхерам, делахь а, цу тIехь а болх дIахьош бу, – элира цо.
Иштта, Усмаев ВахIита а, Алиев Тимура а, Ибрагимов Iийсас а, Абдулаев Аслана а дийцира терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторан а, тIекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиоран а декъехь бечу балхах а, цуьнан жамIех а лаьцна.
№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо