Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Россин тIеман-космосан ницкъаша стомара рогIера тохар дира Шемарчу «Иблисан пачхьалкхан» Абу Кемаль гIалахь йолчу гIеранашна. Иттаннаш террористаш хIаллакбина, йохийна церан тIеман техника. Кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхначул тIаьхьа, гIала террористех паргIатъяккхарехьа тIеман операци дIахьош ду Шемин Iедалан эскарш.
***
Шемин малхбалехь эккхийтар дина террористаша. И зулам дар бахьанехь 35 маьрша стаг кхелхина. Царна юкъахь бераш, зударий, къаной бу. Террористаша эскаршна дуьхьал тIом дIабахьа шаьш гIорасиз хилча деш ду иштта зуламаш. Кестта цу тайпана зуламаш дан а ницкъ кхочур бац церан. ХIора денна керл-керла шахьарш, ярташ цIанъеш ю террористех.
***
Хонкарарчу Анталья гIалахь стомара цхьаьнакхийтира Россин а, ГIажарийчоьнан а, Хонкаран а кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министраш. Цара шуьйра дийцаре дира Шемара хьал машаран некъа тIе даккхарехьа дан деза гIуллакхаш. Министрийн барт хилира оцу некъа тIехь Шемин Iедалца цхьаьна болх бан а, оьшучунна тIехь гIо дан а.
***
ТIаьхьарчу деношкахь чIогIа догIанаш ихна хиларца доьзна Желтойчуьра дукхах долу хиш дистина, ярташка, шахьаршка хьаьвдда. Дохийна дуккха а цIенош. Даккхий зенаш дина халкъан бахамна а. Iаламан бохамехь 19 стаг кхелхина, ткъех стаг лазийна.
***
Чинин пачхьенна Пекинна йисттехь йолчу гIишлойх цIе ялар бахьанехь 19 стаг кхелхина, 8 стаг лазийна. Цуьнца доьзна талламаш баран белхаш дIахьош бу бакъонаш ларъяран органийн векалш. Цкъачунна хууш дац цIе яларан бахьана.
***
Некъан-транспортан бохам хилла Болгарехь. Пассажираш дIасалелош йолу автобус кхечу машенашна тIекхетта. Оцу бохамехь 9 стаг кхелхина, ткъех стаг лазийна. Некъан хьовзам хиларна бехкениг къастош талламаш дIахьош бу хьокъала йоллучу службийн говзанчаш.
***
Аргентинин хибухахула лелаш долу кема дайна масех де хьалха. Цу тIехь, экипаж йоцург, кхин а 44 стаг хилла. Кема лахарехь оцу пачхьалкхан тIеман-хIордан ницкъашна гIо деш ду Бразилера кхоъ хIордакема, Iамаркан кIоргга хи бухахь болх беш йолу кхоъ аппарат, ткъа иштта Чилера хIаваан кеманаш.
***
Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу бизнесмена Ахьмад аль-Марзукъис шен машенна эцна, 3 миллион доллар а делла, керла номерш. Гарехь, дахьа меттиг йоцуш ахча ду оцу бизнесменан. Номерш оьцучул, Дела реза хин волчу агIор оцу хьолах пайдаэцнехь гIолехь хир дара цунна. Олуш ма-хиллара: «Вуьзначунна мецачуьнгахь долу хьал хуур дац».
***
Беларусехь болх бан йолаелла «Белджи» цIе йолу машенашъяран завод. Цигахь арахоьцучу машенех 90 процент ерш Россехь юхкур йолуш ю. Завод схьаелларца доьзна оцу пачхьалкхан Президента А.Лукашенкос элира: «Дукха хан яра ас яйн машенаш арахоьцу тхешан завод хиларе сатуьйсу. Сан и сатийсам кхочушхилла».
***
Россин Президента В.Путина дакъалецира Ялта гIаларчу паркерчу Ливадийски цIийнехь паччахьан Александран КхоалгIачун хIоллам схьабоьллучохь. Гулбеллачарна хьалха къамел дечу хенахь Президента билгалдаьккхира Александр КхоалгIачо Россин Пачхьалкх кхиорехь лелийна маьIна.
***
Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа шозза ешначул тIаьхьа тIеэцна 2018-чу шарна а, цул тIаьхьарчу шина шарна а йолу пачхьалкхан бюджет. Депутаташа билгалдоккхуш ма-хиллара, иза, парламентареша бина хийцамаш юкъабалийначул тIаьхьа, кхин цкъа а йоьшур ю. Цул тIаьхьа иза ерриге а тIеэцарехьа кхаж тосур бу.

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: