ТIекхуьуш долу чкъор ийманехь, гIиллакхе кхетош-кхиоран а, наркоманица къийсам латторан а декъехь кегийрхошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира М.Лермонтовн цIарахчу театрехь.

Кегийрхошца къамел дан а, церан хаттаршна жоьпаш дала а, цаьрга ладогIа а веанера республикин Муфти С.Межиев, Соьлжа-ГIалин мэр М.Хучиев, Къоман гвардин ОМОН-н командир I.Цакаев, республикин Куьйгалхочун гIоьнча Л.Курбанов, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан префект Ш.Очаров, кхиберш.
С.Межиевс дийцира Ислам-дино стеган дегIана зулам дечу муьлххачу а хIуманан хьокъехь билгалдаьккхинчух а, цунах хир йолчу тIаьхьалонах а лаьцна.
I.Цакаевс а, Л.Курбановс а дийцира наркотикаша а, корта бахочу маларша а стаг нохчийн юкъараллехь уггаре а эхье, дастаме, осалчу хьоле воккхуш хиларх лаьцна. Цу шимма чIагIдарехь, кегийрхойн мукъа хан алсам хиларца доьзна ду, дукха хьолахь, уьш корта бахочу маларшка а, молханашка а, наркотикашка а марзбалар.
– Дешар, спорт, Дала а, дас-нанас а бохург дар – иза ду оцу зуламех ларваларан а, ларваран а дарба, – элира республикин Куьйгалхочун спортан декъехула гIоьнча волчу Л.Курбановс.
Республикин пачхьенан мэрана хетарехь, наркоманица къийсам латторехь кхочушдаран Iедална гIо-накъосталла оьшу жигарчу кегийрхошкара.
– Кегийрхошна шайн дахаран некъ лаха а, харжа а мел оьшуш долу хьелаш кхоьллина республикехь. Шайна лаахь доьшур аш я спортан некъ хоржур… Ший а хаьржича гуттар а дика хир ду. Делахь а, шайна мел оьшуш долу хьелаш кхоьллина доллушехь, цхьаболчу кегийрхоша корта бахочу маларех а, молханех а, наркотикех а пайдаоьцу. Иза Ислам-динца а, нохчаллица а, Россин Федерацин законодательствоца а догIуш цахиларал сов, дихкина а ду. Республикин кхочушдаран а, бакъонаш ларъяран а органаша денна а къийсам латтабо оцу зуламца. Амма уьш дIагIертар кхачаме хир дац, нагахь шуьгара, жигарчу кегийрхошкара, оцу декъехь гIо-накъосталла ца хилахь, – элира М.Хучиевс.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь республикин Муфтис С.Межиевс доIа дира, Веза-Воккхачуьнга бусалба нах оцу зуламах ларбар доьхуш.
Билгалдаккха догIу и цхьаьнакхетарш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн дIадолорца тIеэцначу ТIекхуьуш долу къона чкъор ийманехь, оьзда кхетош-кхиоран цхьаллин концепци кхочушъяран гурашкахь дIахьош хилар.
И.АДАМОВ
№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо