ЦIеяйъаран паркана – кхузаманан машенаш

Нохчийн Республикехула йолчу Россин МЧС-н коьртачу урхаллина «Урал» АЦ-5, 5–40 машенан автоцистерна яийтина. ЦIе яьллачу метте иза дIаяйъарна оьшуш болу гIирсаш тIебахьа аьтто болуш ю иза. Тайп-тайпанчу бохамех кIелхьардахарна (некъан бохамаш, цIе ялар, и.дI.кх.) лерина ю иза.

Цунна чу пхи тонна ах тонна хи хоьу, цхьана секундехь 40 литр хи тоха нуьцкъалла йолуш ю иза.

– Нохчийн Республикин цIеяйъаран парк керлачу кхузаманан машенашца тIеюзуш ю. Адамаш кIелхьардахарна а, цIеяйъарна а доккха гIо-накъосталла хуьлу цунах, – бохура Нохчийн Республикехула йолчу Россин МЧС-н Коьртачу урхаллин хьаькама Яхъяев Руслана.

2017-чу шеран юьххьехь регионан чрезвычайни ведомствона ялх автоцистерна а, шиъ бохаман-кIелхьардахаран машен а яийтина.

Таханлерчу дийнахь тIаьххьара яийтина йолчу машенан кехаташца долу гIуллакхаш чекхдохуш ду тхо, цул тIаьхьа балха ара а йоккхур ю.

Билгалдаккха деза, кхузаманан лехамашна жоп луш йолу техника оьцу федеральни бюджетан чоьтах. 2030-гIа шо кхаччалц Россин МЧС кхидIа кхиаран стратеги кхочушъян таро хуьлуьйту цо.

Пайдаэцна Россин МЧС-н хаамех

Л.ДАУТОВА

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: