Къоначу охьатохархлатархойн кхиам

ХIокху деношкахь Черкесск гIалахь (Кхарачойн-Чергазийчоь) дIаяьхьира 2002–2003-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш вара вайн республикера 11 спортсмен.

Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Б.Берсанукаевс (32 кг.) – №7 ДЮСШ, И.Хакуевс (35 кг.) – ШВСМ, И.Газиевс (38 кг.) – ШВСМ, М.Гигиевс (59 кг.) – №1 ДЮСШ, И.Умаровс (59 кг.) – Новр-ГIалин ДЮСШ, Б.Саидовс (85 кг.) – №3 ДЮСШ, Х.Исмаиловс (100 кг.) – Теркан кIоштан ДЮСШ.

Оцу лаккхарчу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: И.Исраилов, Т.Дугучиев, Б.Тулаев, Ш.Вараев, А.Абдулаев, Р.Товбулатов.

Иштта, баркалла ала лаьа берийн-спортсменийн дай-наношна, уьш цига дIабоьлхуш некъана ахчанца гIо дарна.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: