Берийн самукъадаьккхира

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин къоначу хьажархочун театран артисташ шайн гIишло чохь спектаклаш гайтина ца Iаш, тайп-тайпанчу кIошташкахь а хуьлу кест-кеста. Цигахь школашкахь дешархойн шайн керлачу спектаклашца самукъадоккху цара.

Иштта, дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу бIаьрса доцчу а, иза ледара долчу а берийн школа-интернатехь хилира Къоначу хьажархочун театран артистийн тоба.

Театран актераш (тайнигаш) сцени тIера схьахеззашшехь тIараш детта дуьйладелира бераш. Тайнигийн шатайпа духар а, церан къамел а – и дерриге а хазделлера берашна. «Доктор Айболит» спектакль гайтира царна. Билгалъяьккхинчу спектаклан боккха чулацам бу.

Коьртачу турпалхочо Айболита акхарошна дарба дина ца Iаш, адамашна дикалла марзйо. Шен леларца цо гойту кегийчу хьовсархошна, дахарехь шеца нисделлачу адамашца дика а, къинхетаме а хила везаш хилар.

Хьовсархоша хазахетарца тIеийцира шайна гайтина спектакль. Актерийн хIора а гIулче лерина хьовсура уьш. ХIора а турпалхочун къамеле боккхачу тидамца ладугIура. Баккъал а, спектаклан маьIнех кхета болчу лаамца уьш хьовсуш хилар гуш дара. БIаьрса доцу а, иза ледара долу а бераш театр.

Берийн самукъадаьккхира дукха хьолахь экаме хуьлу. Шайга аьллачу хазачу дашах а самукъадолуш болчу царна хаза кхаъ хилира шаьш долчу хьошалгIа Къоначу хьажархочун театран артисташ бахкарх.

Актерийн ловзар тайнигашца хиллехь а, церан яххьаш шайна схьагуш ца хиллехь а, церан аьзнашка безам баханера берийн. Спектакль чекхъяьллачул тIаьхьа церан ирсечу яххьаш тIе хьаьжча, гуш дара, и де церан иэсехь еххачу хенахь дуьсург хилар.

Школа-интернатан куьйгалло баркалла элира Къоначу хьажархочун театран артисташна, ткъа цара берашна хаийтира, шаьш юха а керлачу спекталаца уьш болчу ДогIург хилар.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: «Доктор Айболит» спектаклехь

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: