ГIой-Йистехь керла библиотека схьайиллина

Хьалха-Мартан кIоштан ГIой-Йистахь юьртан библиотека схьаелларна лерина даздаран гIуллакх дIадаьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, иштта, Хьалха-Мартан кIоштан администрацин а, библиотекин а векалш, яртийн куьйгалхой.

Къона тIаьхье кхио хьелаш кхолларна Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна баркаллаш бохуш, дуккха а довха дешнаш хезира даздаран гIуллакхехь гулбеллачаьргара.

«Керла библиотека шен ешархой, лараме хьеший тIелаца а, книгийн гайтамашца, дукхаезачу литературин керлачу книгашца, кхоллараллин цхьаьнакхетаршца самукъадаха а кийча ю», – элира Дааев Хож-Баудис.

Керла библиотека Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А.-Хь.Кадыровн цIарахчу Регионан юкъараллин фондан гIоьнца йина ю. Ешарна а, литература Iалашъярна а дерриге хьелаш кхоьллина кхузахь. 20 стагана лерина ешаран зал ю, библиотекин фондехь – 3 000 книга.

А.ХАТУЕВА

№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: