Йоккха яц Соьлжа-ГIаларчу №49 йолчу почтин отделенин коллектив, амма шен декхаршца дика ларош ю. Отделенин куьйгалхо ю Улубаева Сацита.

1999-чу шарахь дуьйна почтин зIенехь болх беш ю иза. Хаза куц долуш, безамехь йолу и зуда шен белхан меттехь схьагича, дагна хьаам хуьлий, бIаьрг бузу. Дерриге а ду цуьнгахь товш: оьзда йистхилар, елаялар, ткъа коьртаниг – шен белхан говзанча хилар.
Кхузахь цуьнца болх беш ю оператор Садулаева Луиза,– шен белхан зеделларг долу йоккха говзанча. Шех доьзна хIума цо цкъа а ледара ца дуьту. Иштта, почтальон Ахмадова Таиса ю шен балхаца дика ларош схьайогIуш.
Де-буьйса ца лоьруш, мичча хенахь а телеграмма хилча, иза сихха дIакхачайо, почта дIасайоькъу.
– Тхан коьрта декхар нахана почтехула шайга йогIург – кехат, газет, телеграмма – дIакхачор ду. Бахархошна коммуникальни, репрессивни, къинхьегаман ветеранийн, берийн пособи, иштта кхидолу а ахчанаш дIадалар ду оха хIора баттахь кхочушдеш, – дуьйцу Сацитас.
ХIокху почтан отделени чуйогIуш кхоъ микрорайон ю. Ша аьлча, 8 880 хIусамерчу бахархойн хьашташ, царна хьем ца хуьлуьйтуш, уьш реза хуьлучу кепара кхочушдо почтин белхахоша.
Чоь жима, готта яра аьлла доцуш, кхузахь схьаоьцу муьлхха а налогаш, гIуданаш, коммунальни хьаштех, газах, токах долу ахча. Иза бахархошна боккха аьтто бу.
– Тхан балхана уггаре а чIогIа новкъарло еш дерг цIенош чуьра почтин яьшканаш йохийна хилар ду. Бахархошна уьш хилар мел ладаме гIуллакх ду ца хаьа. Цаьрга ГИБДД-ра гIуда а, налогийн, кхечу органашкара кехаташ, догIу. Уьш схьадохьуш веанчу почтин белхахочо хIора хIусаме дIадала деза и кехаташ. Нах цIахь боцуш нисло. Дика хир дара почтин яьшканаш, бахархоша шаьш дола а деш, латтош елхьара, – кхидIа а дуьйцу Сацитас.
Почти чу богIуш болу бахархой чIогIа реза а хуьлу, цара баркаллаш а боху белхахошна, кIеда-мерза хиларна а, сихха шайн гIуллакхе хьовсарна а. Наггахь посылка схьаэца веанчунна цакхеташ дерг а нисло. И саннарг кхето а хьовсу.
ЗаьIапхошна лерина йина пандус ю. Цундела аьтто бу шайн гIудалкхашца почти чу бахка. ТIеман ветеранаш, заьIапхой, рогIехь ца латтош, тIеэца таро хуьлу.
Почта вайна чIогIа оьшуш ю, муьлхха а хаам дIакхачо. Кхузахь цхьа а мукъа де дац. КIирандийнахь а делкъал тIаьхьа ши сахьт даллалц болх бо почто. Буьйсанна тIаьххьалц Iийна а, таханенна болу болх чекхбаккха беза, иза кханенга дIататта йиш яц. Кхана кхин а тIекхеташ бу и болх. Цундела хIора денна а ларо везаш хуьлу шен белхан декхаршца.
Кхин цхьа хIума а ду синтем беш. ВорхIалгIачу микрорайонехь керла гIишло ю хIокху почтина лерина еш. Болх бан дика хьелаш хилча, къахьега дог а догIур ду, белхан эвсаралла а лакха а ер ю.
Ф.АЛИЕВА
№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо