ХIокху деношкахь А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Берийн а, кегийрхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшан музыкин куьйгалхочун Руденко Маринин дIадоларца «Музыкин хьешацIа» проектан гурашкахь рогIера «Безаман лирика» цIе йолу суьйре вовшахтоьхнера.

Цигахь дакъалоцуш бара лакхахь хьахийначу туьшан а, Соьлжа-ГIаларчу кхоллараллин цIийнан а белхахой а, искусствийн колледжера заьIап бераш ткъа, школийн дешархой иштта Шелковски кIоштара еана Газмагомаева ПетIамат.
Суьйре дIаяхьаран Iалашо яра культурина а, музыкина а пропаганда яр, берийн кхоллараллин ойла кхиор, берийн культурин-эстетикин, исбаьхьаллин тIегIа лакхадаккхар.
Суьйренан хьаша вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан коьрта редактор Ирисханов Iимран.
«ШолгIа шо ду оха хIокху тайпана суьйренаш дIахьо, – бохура М.Руденкос. – Тхан мероприятешкахь дакъалоцучарех дукхахдерш заьIап бераш ду. Наха дезаш тIе а оьцу тхо, хIунда аьлча тайп-тайпана теманаш хьехайо оха: «Классикин музыка», «Ирсехьа некъ», иштта кхин а. Дукха хан йоццуш оха дIаяьхьира «ПохIме доьзалш» суьйре. Иза кхиамца чекх а елира. Цигахь шайна зеделлачух пайда ийцира берийн дай-наноша, хьехархоша. Хьалха санна, цхьана зала чохь гулделла кIезиг адамаш а долуш, цара шайн похIма довзуьйтуш гIуллакх до оха. Муьлххачун а аьтто бу тхан проекташкахь дакъалаца, шайна пайдехь дерг довза. Доцца аьлча, оха массо хенахь а дIахьош дерш культура-йовзаран гIуллакхаш ду. Оха тхайн проектана юкъаийзадо, хьалха ас ма-аллара, дерриге а тIегIанийн адамаш».
«Бераша хIиттош йолу сценкаш диканиг гойтуш, хьоьхуш хила еза. Вайн дуккха классикаш бу. М.Мамакаевн, М.Сулаевн, М.Дикаевн, А.Сулеймановн, I.Мамакаевн, дуккха а кхечу поэтийн говзаршкахь безаман тема хьалхарчу могIарехь ю. Таханлера суьйре вай чIогIа дика дIаяьхьи. Баркалла ала лаьа хIара гIуллакх вовшахтоьхначу Руденко Маринина а, берийн а, кегийрхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшан берриге а белхахошна а, берашна иштта хаза хIара суьйре вовшахтохарна,» – элира Ирисханов Iимрана.
ДоттагIаллин а, доьзале а, Даймахке а, Iаламе а болу безам бара суьйренехь екначу эшаршкахь, иллешкахь буьйцуш берг.
Мехала гIуллакх ду лакхахь хьахийначу туьшо дIахьочу проекташкахь дакъалоцуш дерриге а тIегIанийн адамаш хилар. Царна юкъахь хуьлу интеллигенцин векалш, артисташ, хьехархой, бераш, церан дай-наной, заьIап бераш.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан суьрта тIехь: «Безаман лирика» суьйренехь
№91, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 21-гIа де, 2017 шо