Элча (I.с.в.с.) дуьнен чу ваьлла де билгалдоккхур ду

ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьира Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де билгалдаккхаран вовшахтохараллин комитетан кхеташо. Карарчу шарахь и билгалдоккхур ду лахьанан (ноябрь) беттан 29–30-чуй деношна юкъарчу буьйсанна.

Цигахь дакъалецира Правительствон Председатела А.Эдельгериевс, Парламентан Председатела М.Даудовс, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо I.Израйиловс, муфтис С.Межиевс, иштта, министерствийн, ведомствийн, кIоштийн куьйгалхоша.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де бусалбанийн рузманехь мехала меттиг дIалоцуш де хилар.

«ХIора а шарахь республикин бахархоша билгалдоккху уггаре а тоьлла долу адам дуьнен чу даьлла де. И де тIекхачале шаьш еш йолу дика Iамалш а алсамйоху, тайп-тайпанчу ярташкахь а, гIаланашкахь а зуькарш а дойту, мовладаш а доьшуьйту, хала бохкучу доьзалшна гIо-накъосталла а до», – элира цо.

Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де республикехь билгалдаккхаран гурашкахь дан леринчух лаьцна дийцира I.Израйиловс.

«Оцу дезачу денна лерина вовшах а тоьхна, тIе а эцна ерригреспубликин план. Цуьнца нийса а догIуш, урамаш а, гIишлош а, гIишлошна гуонахара майданаш а кечъеш ю. Шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, интернетан а гIоьнца кхетош-кхиоран а, Пайхамаран дахарх а, цуьнан гIиллакхех а, Iер-дахарх а лаьцна довзийтаран а болх бу дIахьош. Цул сов, Къуръан дешаран декъехь дIахьош конкурс а ю. Коьрта даздарш республикин пачхьенерчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь дIахьур ду. Салават дешаран хьокъехь кхайкхам а бина… Бахархоша хIинцале а дешна 290 миллион салават», – элира I.Израйиловс.

Республикин Куьйгалхочунна хетарехь, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар Iилма ду, шех лаьцна хьам-хьамма а дийца йиш йоцу. Иштта, цо гулбеллачеран тидам тIебахийтира Нохчийчохь РабиIул-Аввал бутт даима а беза лерина хиларна.

«Ислам-динна новкъарлонаш ечу муьрехь а вайн дай-наноша дино хьоьхург а, тIедиллинарг а кхочушдина. Мел халонаш а, баланаш а шаьш лайнехь а, шайн ийман лардина цара. Тахана Iедало бахархошна дин лело маршо яларал сов, дин леладе, Суннат леладе, Къуръан Iамаде бохуш, беш кхайкхамаш бу. Дин лело иштта маьрша зама вайн республикехь хIинццалц хилла яц», – элира цо.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь С.Межиевс билгалдаьккхира Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх лаьцна денна а дийца дезаш хилар.

И.АДАМОВ

№92, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: