Нохчийчохь хилира СНГ-н гIуллакхаллин советан делегаци

Лахьанан (октябрь) беттан 19–23-чуй деношкахь официальни визитаца Нохчийн Республикехь хилира СНГ-н гIуллакхан советан делегаци.

Царна юкъахь вара дозатоьхна жоьпалла долчу «Группа компаний Энергокомплект МФ» юкъараллин кхочушдаран директор Гоголинский Павел, дозатоьхна жоьпалла долчу «РУСБЕЛГАЗ» юкъараллин директоран коммерчески гIуллакхашкахула волу заместитель Грищук Владимир, СНГ экономикин агIор кхиоран гIуллакхан советан инвестицийн проектийн куьйгалхо Мунаев Хьасан, кхиберш.

Соьлжа-ГIаларчу аэропорте царна дуьхьал яхара «Нохчийн Республика кхиоран корпораци» акционерийн юкъараллин коьрта директор Гагаева Селита а, коьртачу директоран хьехамча Махтамерзаев Лом-Iела а. Цул тIаьхьа хьеший хилира А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь.

ШолгIачу дийнахь гIуллакхан советан декъашхой цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместительца, «Нохчийн Республика кхиоран корпораци» акционерийн юкъараллин директорийн советан председательца Хакимов Хьасанца.

Цхьаьнакхетарехь компанийн векалша йовзийтира шайн продукци. Уьш яра кабелан-проводникан продукци, Iер-дахарехь лелон а, промышленни а газан счетчикаш а, иштта кхин дуккха а кхиерш а. Хакимов Хьасана, хьешашка ладоьгIначул тIаьхьа билгалдаьккхира цара республикина оьшуш хилар, иштта, проекташ кхочушъярехь церан аьтто хилар шена лууш хилар а.

Оцу дийнахь хьеший хилира Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министерствехь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин министран хьалхара заместитель Хазуев Ахьмад а, министран заместительша а, департаментийн куьйгалхой а. Кхузахь дийцаре дира шина а агIонна пайда хир болчу кепара юкъаметттигаш лелоран а, инвестицийн программаш кхочушъярехь вовшах дагадовла дезаран а гIуллакхаш.

Шайна хетарш а, шайн продукци а йовзийтира компанийн векалша. Иштта, «РУСБЕЛГАЗАН»-н директоран коммерчески гIуллакхашкахула волчу заместитела Грищук Владимира гулбеллачарна йовзийтира газан хьесап чот даран кхузаманан Iер-дахарехь лелон а, промышленни а прибораш. В.Грищука дийцарехь, счетчикийн шорйина динамикин диапазон а, газ юстаран лаккхара нийсалла а, экамалла а ю. Уьш иштта хиларо таро ло газан экъанан уггаре жимачу чиркхо йойучу газан а хьесап дан. Продукцина презентаци йинчул тIаьхьа агIонаша шайн-шайна хетарг довзийтира, тайп-тайпанчу дакъошкахь цхьаьна болх баран декъехь барт бан реза а хилира.

Цул сов, республикехь шаьш болчу юкъанна, СНГ-н гIуллакхан советан делегаци цхьаьнакхийтира «Чеченгаз» акционерийн цхьаьнатоьхначу юкъараллин а, дозатоьхна жоьпалла долчу «Юг-строй», «ТЕПЛИЦСТРОЙСЕРВИС», «Идеал» юкъараллийн а, «Музаев» доларчу предпринимательствон а векалшца.

Иштта, хьеший хилира Шелковски кIоштан администрацехь а, Устрада-ГIаларчу гIишлошъяран комбинатехь а, Веданан кIоштан администрацехь а, «Къоьзан-Iам» спортан-туристийн комплексехь а.

I.МУРТАЗОВ

№92, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: