Вайнехан историга «кховда» таро хир ю хьовсархойн

12323Нохчийн къоман 1943–1944-чуй шерашкахь хиллачу дахарх, нохчий Казахстане, Юккъерчу  Азе кхалхорах лаьцна фильм яккха йолийнера 2012-чу шеран август баттахь Шуьйтан районехь. Иза йоккхуш яра Шайх Мансуран цIарах йолу «Грозный-фильм» кинокомпани.

«Чим» («Пепел») цIе йолчу оцу фильман сценарин автор а, коьрта продюсер а ву Коканаев Руслан. Сценарин соавтор, коьрта продюсер ву Заурбеков Султан, коьрта директор – 30 шарахь кинематографехь болх беш волу Бабоченок Юрий. Иштта, фильм яккхарехь дакъа мел лаьцнарш, Россин киноиндустрехь дика бевзаш, дукха къахьегна, дика  говзанчаш бу. Масала, гIараваьлла кинорежиссер Эркенов Хьуьсен, кинооператор Петрига Анатолий, композитор Дашкевич Владимир, художник-постановщик Грудев Лев, оьрсийн гоьбевлла актераш а.

 

Исбаьхьаллин фильман коьрта турпалхой кегий нах бу: йоI а, кIант а. Дахаран халонаш бахьанехь обарг волу кIант. ХIара тIехьийзачу йоIана тIе а нисло бохамаш, баланаш. Цушиннан дахарца вайн нохчийн къам хьийзор, Iазапехь латтор, 1944-чу шарахь махках даккхар а гойту фильмехь. Коьртачу суьртех цхьаъ  ду Хьайбахахь хилла бохам. «Фильман Iалашонаш юкъахь ду нохчийн къоман хала дахар, баланаш, бохамаш гайтина  ца Iаш, оццул халачу муьрех чекхдолуш, вайн къомо лардина хаза ламасташ, гIиллакхаш, нохчийн доьналла а хьовсархошна гайтар», –  элира С.Заурбековс.

Билгалдаккха деза, фильмехь дакъалоцуш Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драматически а, М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически а, «Серло» а театрийн актераш хилар. Царна юкъахь бу нохчийн гоьбевлла артисташ Дудаев Муса, Омаев Дагун, Давлетмирзаев МутIелип, Ахмадова Хьава, Гичаева Раиса, Хакишева Соня, кхиберш а. Коьрта турпалхочун роль ловзош волу кIант, дагахь доцуш, цхьанхьа новкъахь дуьхьалкхетта, вевзина, валийна ву фильме. Коьрта турпалхочун-йоьIан роль ловзош ю Ахмадова Хьаван 15 шо долу йоI Хеда.

Август баттахь дIайолийна фильман съемкаш, ло цахилар бахьанехь декабрехь совцийнера. 23-чу февралехь, вайн къам махках даккхаран денца доьзна, съемкаш юха а йолийра. 300–400 стаг вовшахтоха везаш меттигаш а яра фильмехь, царна массарна а хьалхалера духарш, тужаркаш оьшура. Уьш хьалххе, съемочни тобано луларчу ярташкарчу нахера гулйина, цхьаерш шаьш тегна, кечйинера. Иштта, хьалхалера машенаш лоьхуш, ло догIу сурт хIоттош (баккъал доцу ло лерринчу «тоьпашца» дIасакхуьйсуш), къахьийгира фильм яккхарехь дакъалаьцначу белхахоша.

«Масех б1е стаг вовшахтоха чIогIа хала дара. «Схьаволахьа , хьан цхьа а хIума дан ца дезара, тIе бедарш юьйхина, кхузахь лаьттичхьана, оха мах а лур бу», –  аьлча, шен-шен йиш яц, бохуш, дуьхьал буьйлура дукхахберш.

50 метр еха а йолуш, 11 метр шуьйра а йолуш ферма йинера оха Шуьйтан районехь, Хьайбахахь тIаьххьара хилла сурт фильмехь гайтархьама. ТIаьххьара, оха и ферма ягош гича, шайн йиш яц баьхнарш а, кхин дуккха а нах хьовса баьхкира. БIаьргех хи а дуьйлуш, хьоьжура уьш: «Ма дохко девлла тхо, цу юкъахь дакъа ца лаьцна», – бохуш»,  – дуьйцура Заурбеков Султана.

Карарчу хенахь фильм яьккхина яьлла. Кечъяран белхаш чекхбевллачул тIаьхьа, цуьнга хьажа таро хир ю хьовсархойн. Фильм нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь эфире йоккхур ю июнь баттахь. Ткъа июль я август баттахь кинофестивалашкахь гайта а тарло иза. Цу хьокъехь кехаташ хIинцале чу делла Iамаркехь дIахьур йолчу кинофестивале а, кхечанхьа а.

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: