Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан белхахоша Къоман музейхь билгалдаьккхира Ненан де. Цигахь дакъалоцуш дара Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнехь доьшуш долу бераш а, церан наной а.

ТIедогIучу Ненан денца берийн наной декъал а беш, цаьрга довха дешнаш а олуш, йистхилира лакхахь хьахийначу Кхоллараллин цIийнан куьйгалхо Исапаева Мадина: «ТIедогIучу Ненан денца ас даггара декъалйо хIора а нана. Маьлхан зIаьнарша санна йовхо ло нанас. Шелонах, мацаллах лардеш кхиадо цо шен бераш. Уьш бахьанехь дуккха а халонаш а лов цо. Хийла аганан гIаж тIе а тевжина набйина цо. Ша кхиийна, дахаран нийсачу новкъа ваьккхина нана хьоме ю хIоранна а.
Къаьсттина декъал ян лаьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан куьйгалхо Кадырова Аймани. Ша нана хиларе терра, шега гIо-орца дехначу хIора а нанна орцахйолу иза.
Цуьнан комаьршалла бахьанехь шайн могашалла меттахIотто аьтто хилла дуккха а берийн. Дийцина ца валлал дукха диканаш дина цо. Дала могаш-маьрша дуккха а шерашкахь яхайойла иза».
Шайн наношна лерина концертин программа кечйинера Кхоллараллин цIийнехь Iемаш долчу бераша. Царна юкъахь къаьсттина шена тIе тидам бохуьйтуш Арсанукаева Иман. Хууш ма-хиллара, дукха хан йоццуш театран-концертийн залехь оццу Кхоллараллин цIийно вовшахтоьхначу гайтамехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хастийра Иман а, цо куьйга бина белхаш а.
Иман дуьнен чу яьллачу хенахь дуьйна а заьIап ю. Цуьнан нанас Разета дукха халонаш лайна цуьнца. 13 операци йинчу йоьIан догъэца, цуьнан бIаьра хьежа а доьналла тоьъна Разетан. Исапаева Мадинас Ненан денна леринчу цхьаьнакхетаре Иман ялош еанчу Разетана баркалла элира.
Билгалдаьккхира заьIап берийн наной доьналла долуш хилар а, иштта бераш Дала совгIатана делла хилар а.
Цхьаьнакхетар дерзош шайн наношца безамна суьрташ дехира бераша.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
Авторан суьрта тIехь: Ненан денна лерина цхьаьнакхетар
№92, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо