Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой! Тахана Россехь билгалдоккхуш ду уггаре а сирлачех, беркатечех цхьаъ долу деза де – Ненан де. Къаьсттина меттиг дIалоцуш ю Исламехь нана а, зуда а. Даима а нохчийн халкъан амалехь хилла ненан сий-ларам бар.

Нанас шен ерриге а дегайовхо, аьхналла берашна дIало, церан гIайгIа бо, доза доцуш бу цуьнан шен берашка болу ховха безам. Вайн нанойн экамечу белшаш тIехь кхин а цхьа мохь, уггаре а жоьпалле мохь бу – вайн халкъан гIиллакх-оьздангалли тIехь, эхь-бехкана тIехь, ийманехь, Даймахке безам болуш бераш кхетош-кхиор.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кест-кеста даладора Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Ялсамани ненан когаш кIелахь ю», – боху дешнаш.

Ахьмад-Хьаьжас билгалдоккхура бусалбанийн юкъараллехь нана массарал а еза хиларна и дешнаш бIаьрла тоьшалла хилар.

Тахана вай тешам боллуш дIахьош бу Ахьмад-Хьаьжин некъ. Республикехь кхочушъеш ю ноналла а, бералла а лардаран тайп-тайпана программаш. ГIо-накъосталла до дукха бераш долчу, таронаш ледара йолчу доьзалшна, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларъяран органийн белхахойн наношна, царах бисинчу зударшна, берашна.

Хьашто йолчу доьзалийн проблемаш дIаяхарехь жигара дакъалоцу Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу, сан хьомсара нана Кадырова Аймани коьртехь йолчу Регионан юкъараллин фондо.

Вайн дозалла дан йиш ю вайн халкъан эзарнаш векалех, бIаьхойх, къинхьегамхойх, пачхьалкхан лаккхарчу совгIатийн кавалерех, къоман турпалхойх, доза доцуш Даймохк дукхабезаран масалш хилла дIахIиттина болчу. Уьш берриге а кхиийнарш наной бу.

Ненан денца даггара декъалбо ас Нохчийн Республикин а, ерриге а Россин а наной! Даггара лаьа шу маьрша дехийла, шун ондда могашалла хуьлийла, шу дуккха а дехийла, шу ирсе, деладелла, декхаделла хуьлийла!

№92, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: