Хьуна ду тхан иллеш, нана!

СУЛЕЙМАНОВ Ахьмад

Сийлахь, Нана! Хастам хьуна!
Берийн дуьхьа яьхна хьо!
Генахь хиларх, тхаьш мацделча,
Хьан комаьрша куьйгаш го.

Сийлахь Нана! Хастам хьуна!
Берийн дуьхьа яьгна хьо!
Бодашкахь серло латтош,
Догу хьан комаьрша дог.

Сийлахь Нана! Берийн къинна
БIаьрхи хилла, ешна хьо!
Тхо, бераш, ду-кх Хьо къанйийраш!
Къона латтораш а – тхо!

ШАЙХИЕВ Iалвади
Алахьа, нана, сан аганан илли

Алахьа, нана, сан аганан илли,
Гой хьуна, со-х хIинцаъ бер ма ду, нана.
Чот ма е хиларх а шераш тIехтилла, –
Доьху хьоь, аганан илли сан ала.

Хьо ю со Iамийнарг комаьршаллина,
Адамех тешна а, уьш доггах деза.
Алахьа, нана, сан аганан илли,
Сан деган безаман мерз иза беца.

Гой хьуна, беза мохь белшаш тIе билла,
Нигат ду халкъана йовхо луш вага.
Алахьа, нана, сан аганан илли,
Iамавеш дош деган чарха тIехь ага.

Тешалахь: валлалц со набарна Iилла,
Кийча ву сахиллалц ладегIа хьоьга.
Алахьа, нана, сан аганан илли,
Шерашца, цIийх дIауьйш, и дагах доьлла.

…Буьйса ю тховсенан ша цхьаъ да хилла,
Седарчийн цинцаша зарзйина техкаш.
Со теша, нана, хьан аганан илли
Ден дIаьндарг карор яц.
И хир ду дехаш.

ЮСУПОВ Iазим
Ненан дикалла

Ас ойланца даим дагалоьцу,
Йицлур йоцу, синтем боцу зама.
Сатасарца беран марзо оьцуш,

Самайолу хьоме, ирсе нана.

ТIеман санна, куьйгаш деца аьхна,
Гуш дерг, тем беш, хазхетарца тийна,

Туьйране а хьакъ долуш хьо кхаьчна,
Тамашхо, комаьрша хьоме нана.

ДАКАЕВ СаьIидбек
ВогIур ву, нана

Юха а ойланаш
Лехкало гена –
Лаьмнашка, со винчу юьрта.
Юха а хьийза уьш,
Аз лоьхуш ненан,
Жималла левзинчу керта.

Даг чуьра йоврйоцу
Марзо ядийна,
Сан деган маршалла делла,
Хьо йолчу дIакхечи
Ойланаш тийна:
«Нана, хьо хIун деш ю?» – аьлла.

КIантана сагатдеш,
Лела хьо гIийла –
Суна а дазделла, нана.
Воккхавеш, хьо йолчу
ВогIур ву хийла,
БIаьстенах хьан мара Iана.

Хьан лаам къарбина
Дош карладуьйлуш,
Лар яйна ца лела пана,
Даймахке ахь белла
Безам а муьйлуш,
Хьо йолчу вогIур ву, нана.

№92, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: