Нохчийн Республикехь 8 проект кхочушъярна 25 миллион сом хьажор ду шайх Хьалиф бен Заед Аль Нахайанин фондо. Иштта хаам бина оцу Фондан республикехь йолчу филиалан кредитийн отделан говзанчас Абубакаров Мохьмада.
«Оха хIинцале а къобалйина 25 миллион соьмана лерина йолу 8 проект. Царна юкъахь кхачанан сурсаташ даран а, кхача дIасакхехьаран а, иштта, кхийолу а проекташ ю. Оцу 8 проектах 6-нна «ламасталлин» кепара финансировани йийр ю, ткъа 2 – Ислам-дино хьоьххучу кепара. И 8 проект кхочушъяро белхан 30 меттиг кхуллург хиларх тешаш ду тхо», – аьлла цо.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Президентан шайх Хьалиф бен Заед Аль Нахайанин а хиллачу бартаца нийса а догIуш, Фондан филиал Нохчийн Республикехь схьайиллина карарчу шеран хIутосург (май) баттахь.
10 шарахь 3 эзар сов проект кхочушъярна 300 миллион доллар хьажор а, белхан 70 эзар меттиг кхоллар а ю Фондан республикерчу филиалан Iалашо.
Абубакаров Мохьмада билгалдаккхарехь, Фондо финансировани кхаа тайпана йо: шарахь 11 процент йолу «ламасталлин» финансировани, Ислам-дино хьоьхучу кепара, шарахь 13 процент йолу лизинг.
Ислам-дино хьоьхучу кепара еш йолчу финансированина юкъа догIу предприятина бер болу пайда а, хила тарлуш долу зен а, бартаца хиллачу барамехь дIасадекъар.
И.ХАСАХАНОВ
№93, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2017 шо