Невран кIоштарчу оьрсех лаьцна…

Карарчу хенахь Нохчийчохь вехаш 1,4 миллион гергга стаг ву, шайна юкъахь 96 халкъан векалш а болуш. Царах 2 процент оьрсийн къомах болу нах бу, вуьшта аьлча – 25 эзар сов стаг.

Советийн заманахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь бехаш хиллачу оьрсашца дуьстича, Iаламат лахара ду и терахь.

ХIетахь республикехь вехаш 1,3 миллион гергга стаг волчу хенахь царах 23,1 процент (293,8 эзар) оьрсий бара.

1991-чу шарахь республикин куьйгалле зуламхой охьахийша боьлча юьйхира мехкадаьттанан промышленность. Коьртачу декъана оцу декъехь къахьоьгуш хиллачу оьрсех дукхахберш хене бовла хIума доцуш бисира…

Россин къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу министерствос (хIинца – Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолу федеральни агентство) динчу жамIашца нийса а догIуш, 1991-чу шарахь дуьйна 1994-чу шеран гIуран (декабрь) бутт тIекхаччалц йолчу хена чохь, оьрсийн къомах волу 200 эзар стаг дIавахана республикера.

Ткъа 1991-чу шарера 1999-гIа шо кхаччалц йолчу хенахь, тIеман барзакъаш дуьйхинчу зуламхойн карах кхелхина 21 эзар сов оьрси (оцу терахьна билггал бух болуш хаам карийна бац). Бухабисинарш республикера дIабаха таро йоцурш бара.

Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон жамIашца нийса а догIуш, 1999-чу шарахь Нохчийчохь висинарг верриге а вацара 29 эзаре кхочуш оьрси, шайх 17 эзар пенсионер а волуш. Цул тIаьхьа, Iедал хийцаделча маьрша баха хевшира уьш.

Невран кIоштан Администрацин сайта тIехь билгалдаккхарехь, карарчу хенахь кIоштахь 58 эзар сов гергга вахархо ву. Царна юкъахь 27 халкъах стаг ву. 2002-чу шарахь цигахь бехачу оьрсийн барам 6,5 эзар (12,8 процент) сов хиллехь а, 2010-чу шарахь уьш 4,4 (8 процент) эзар бен ца «хаавелла».

Оцу «суьрто» гойту, Невран кIоштахь бехачу оьрсех дукхахберш къаной хилар а, церан тIекхуьуш долу чкъор Нохчийчоьнан кIошташкахула а, Россин регионашкахула а «дIасадаьржаш» хилар а. Иза экономикин а, социальни а хьашт-дезаршца доьзна ду.

КIоштахь бисинчу оьрсаша, дукха хьолахь, дешаран а, социальни а учрежденешкахь болх бо. Наггахь бен бацахь а, махлелоран а, юьртан бахаман а декъехь къахьогурш а хаало.

Делахь а, шаьш кIезиг дара аьлла ца Iаш, шайн культура безамца, ларамца Iалашйо цара. Новр-ГIалахь болх беш ю Оьрсийн культурин-методикин туш. Туьшан векалша жигара дакъалоцу юьртахь а, кIоштахь а, республикехь а, иштта, луларчу Дагестанехь а, Ставрополан крайхь а дIахьочу тайп-тайпанчу даздаршкахь.

Невран кIоштахь дехачу адамийн юкъаметтигаш, хьан-сан бохург а доцуш, дика ю. Маттаца а, динца а шайна юкъахь къестамаш а ца беш, шайн меттанаш а, дин а Iалашдеш, бертахь, вовшашца гергарлонаш а лелош веха кIоштахь мел волу вахархо.

Р.МУСИПОВ

№93, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: