Промышленни предприятешкара хьал дийцаре дира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дIадаьхьира республикин Правительствон вице-премьераца – промышленностан а, энергетикин а министраца Байтазиев Муслимаца.

Республикин Куьйгалхочо хаьттира вице-премьера куьйгалла дечу министерствон промышленни объекташкарчу хьолана бинчу талламах лаьцна.

«Ахь тIедиллина ма-хиллара, министерствон промышленни объекташкахь талламаш бина оха. И болх бар бахьана долуш билгалдаьлла цхьайолу пред- приятеш дIакъовла герга хилар. Бахьанаш дуккха а ду. Рынкана кхачам боллуш аналитика цаяр, менеджмент цайовзар, предприятина урхалла дарехь «гIалаташ» дийлийтар, и.дI.кх.а. Оцу декъехь дан догIуш цхьа хIума ду – промышленностан а, энергетикин а министерствон тоьллачу предприятеша «хала йохкуш» йолчу предприятешна гIо дар. Делахь а, цкъачунна, ишттачу предприятешна юкъахь зIенаш яц ала мегар ду», – билгалдаьккхира Байтазиев Муслима.

Иштта, цо дийцарехь, карарчу хенахь республикин Минпромэнергон говзанчаш промышленни объектийн реестр кхолларехь къахьоьгуш бу. Реестр кхолларан декъехь беш болу болх чекхбаьккхинчул тIаьхьа, Нохчийчохь йолчу промышленни объектех лаьцна хаамаш зорбатухур бу «GIS-промышленность» портала тIехь.

«120 эзар сов стаг ву оцу порталах пайдаоьцуш. Уьш берриге а промышленностан декъехь къахьоьгучу предприятийн векалш а, бизнесхой а бу. Сиха чекхбаккхалур болуш болх бац и. Цул сов, оцу декъехь суна Правительствон Председателера гIо-накъосталла а оьшу, хIунда аьлча кIоштийн куьйгалхошкара а, налогийн органашкара а хаамаш а оьшур бу. Ишттий бен балур болуш болх бац иза», – элира цо.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира оцу декъехь оьшуш долу гIо-накъосталла шегара хирг хилар.

«Предприятеша бечу балхана саготта министерствош хилла ца Iаш, кIоштийн куьйгалхой а хила беза. Цкъачунна, ма-дарра дийцича, кIоштийн куьйгалхошна а, министерствошна а юкъахь оцу декъехь зIенаш йоцуш ю, – элира Кадыров Рамзана.

Цул сов, оццу цхьаьнакхетарехь республикин Куьйгалхочо хаийтира Нохчийчохь йолчу предприятешкара хьал таллар Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацина а, республикин Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советана а тIедиллина хилар.

И.АДАМОВ

№93, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: