Иза чIагIдира фестивалехь цхьаьнакхеттачара
Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь «Лермонтов Кавказехь» фестиваль схьа а йоьллуш, гIараваьлла оьрсийн яздархо Михаил Юрьевич Лермонтов дага а лоцуш цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, цуьнан заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, социально-экономически а, интеллектуальни а программийн Фондан векалша – кхозза Россин пачхьалкхан премин лауреат волчу гIараваьллачу поэта Рейн Евгенийс, 1978-чу шарахь дуьйна «Знамя» журналан поэзин отделана куьйгалла дечу гIараяьллачу поэтесса Ермолаева Ольгас, Рейн Надеждас, поэта Рубанов Романа, яздархочо Северов Александра, иштта Нохчийн Республикин яздархойн Союзан, Iилманан, юкъараллин, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша. Цхьаьнакхетар д1ахьош вара яздархочо Мамакаев Эдуард.
«М.Лермонтовн «ВаларгтIе» говзар ешча со чIогIа цецваьллера оццул йоккхачу дегайовхонца автора нохчийн къомах лаьцна яздарх а, шуна санна Дела веза цунна Iамарх а», – элира Е.Рейна.
Лермонтов Михаилан кхоллараллех, цо Кавказехь яьккхинчу хенах лаьцна дийцира цхьаьнакхетарехь. Дийцира цуьнан байташ нохчийн яздархоша вайн матте гочъярх лаьцна а. Иштта, гулбеллачарашайна хазахеташ йолу М.Лермонтовн говзарш а йийшира.
Нохчийн Республикин Iилманийн Академин фольклоран отделан куьйгалхочо Мунаев ИсмаьIала билгалдаьккхира Рейн Евгений кхузаманан оьрсийн литературин коьртачех цхьа поэт хилар. «Лермонтов Кавказехь» фестивалехь дакъалацарна яздархочунна баркалла а элира цо. «чIогIа дика евзара М.Лермонтовна нохчийн фольклор. Кхузахь Iаш, нохчийн халкъан кхоллараллин ерриге а хазалла, исбаьхьалла ийнера цуьнах. Дукха бу цуьнан говзаршкахь нохчийн турпалхой а», – дийцира И.Мунаевс.
Къаьсттинчу хазахетарца тIелецира массара а Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон арахьарчу зIенийн департаментан директора Хаджимурадов Iийсас М.Лермонтовн говзарш ешар. Цо уьш хаза ешарна леррина баркалла элира Москварчу хьешаша а. Цхьаьнакхетарехь иштта билгалдаьккхира Михаил Лермонтов бIаьрла похIма долуш яздархо хилла ца Iаш, говза художник а хилла хилар. Тидамза ца дисира гIараваьллачу нохчичо, академика П.Захаровс яздархочун сурт диллина хилар а.
Иштта, нохчийн яздархочо Минкаилов Эльбруса вовшахтоьхна йолу М.Лермонтовн «Хаьржинарш» (нохчийн маттахь) книга а йовзийтира фестивалехь. Цу тIехь Э.Минкаиловс гулйина нохчийн тайп-тайпанчу яздархоша гочйина йолу Лермонтовн говзарш. Цхьаьнакхетар дерзош, хьешашна совгIатна книгаш елира.
МАГОМАДОВА Алиса
