Мисарарчу Синай ахгIайренерчу рузбанан маьждигехь дIадаханчу пIераскан дийнахь террористаша бомба эккхийтина. Рузбане веана хилла 300 сов стаг кхелхина, чевнаш хилларш а бу. Цул тIаьхьа лерринчу службаша дIаяьхьначу операцехь лаххара а 30 террорист хIаллаквина. Iедалан эскаро йохийна дIаяьхна террористийн базаш. ХIинца а дIахьош ду террористаш лахар.
***
Россин тIеман-космосан ницкъаша юха а бомбанаш, ракеташ тоьхна «Иблисан пачхьалкхан» Шемарчу Евфрат хинна юххехь йолчу а, Дейр-эз-Зора шахьарна юххехь йолчу а гIеранаша туп тоьхначу меттигашка. Йохийна церан тIеман техника, хIаллаквина бIе гергга террорист. Ткъа Шемин Iедалан эскарша зуламхойх паргIатъяьхна и меттигаш.
***
Африкин а, Iаьрбийн а мехкашкара мигранташ Европин пачхьалкхашка схьакхалхар соцуш дац, и некъ тIех кхераме белахь а. Иштта, стомара Ливина юххехь хи буха дахана мигранташ тIехь хилла хIордакема. Цу тIехь хиллачарах 30 сов стаг кхелхина. Масех стагах хилларг хууш дац. Уьш цкъачунна кароза бу.
***
Брюсселехь мигрантийн гIолоцуш йина митинг полицица тасадаларш хуьлуш йирзира. Урамашка бевллачара машенаш херцош, царах цIерш туьйсуш, туьканийн кораш, неIарш йохош къепазалла хIоттийра. Полицин белхахоша схьалаьцна бIе гергга митингахо. Юкъараллин къепе талхорна хьокъала доллу жоп доьхур ду цаьргара.
***
Чинин малхбалерчу Нинбо гIаларчу цхьана заводехь эккхар хилла. Оцу бохамехь 2 стаг кхелхина 30 сов стагана чевнаш йина. Йохийна заводан гIишло. Бохаман тIаьхье кхин а белхаме хила тарлора заводана гуонаха йолчу гIишлош чохь адамаш хиллехь. Эккхар хиларан бахьана толлуш бу бакъонаш ларъяран органийн белхахой.
***
Зимбабвен Президент хиллачу Р.Мугабена Iедалан куьйгалло 10 миллион доллар ахча делла, махкара хьал карзах а ца доккхуш, шега дина дехар кхочушдеш даржера дIаваларна. ХIинца хIора баттахь Президентан даржехь волуш луш хилла долу 150 эзар доллар ахча а лур ду цунна ша кхалххалц.
***
Пакистанерчу Карачи шахьарахь митинг хилира. Урамашка бевллачара лоьхура юстицин министр даржера дIаваккхар, Iесалла лелорна иза жоьпе озор. Митингахой дIасалахка гIоьртинчу полицин белхахойн а, церан а тасадалар хилира. Оцу тасадаларехь бIе сов стаг лазийна. Царах иттех стаг вуочу хьолехь ву.
***
Казахстанехь а, Чилехь а баккхий некъан-транспортан бохамаш хилла. Ша аьлча, микроавтобус а, цIерпошт а вовшахкхетар бахьана долуш Казахстанехь 9 стаг кхелхина. Ткъа Чилехь хиллачу некъан бохамехь 11 стаг кхелхина, ткъех стаг лазийна. ДIахьош ду бохамаш хиларна бехкениг мила ву хьожуш талламаш бар.
***
Россин харжамийн Коьртачу комиссехь хаам бина ма-хиллара, хIинцале чекхдаьлла 2018-чу шарахь хинболчу Президентан харжамашкахь дакъалаца ойла йолчу кандидаташна оьшур долу документаш билгалдахар. ХIинцале билгалваьлла хьалхара кандидат а. Иза ву «Партия Роста» политикин организацис хьалхатеттина волу Б.Титов.
***
Армавирерчу цхьана ресторанехь, дов а даьлла, вовшашна герзаш диттина «сакъера» баьхкинчара. И бахьана долуш 3 стаг кхелхина. Царах цхьаъ Росгвардин эпсар ву. Девнехь дакъалоцуш хилла цхьаъ къайлаваьлла. Бакъонаш ларъяран органаша дIахьош ду иза лахар. Талламан комитето оцу зуламца доьзна уголовни гIуллакх дIадолийна.
***
Россин экономикин министерствон говзанчаша дийцарехь хIара шо доладелчахьана хиллачу инфляцин барам 2 проценте а ца кхаьчна. Оцо гойту, санкцешка хьаьжна ца Iаш, мехкан экономика кхиаран новкъа яьлла хилар. Кху шарахь дуьйна экономика кхиаран боларш дерриге а дакъошкахь кхин а лакххара хирг хилар чIагIдо цара.
№93, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2017 шо