Гуьмсехь керла автовокзал еш ю

Дукха хан йоццуш автовокзалан керла гIишло ян йолийна Гуьмсехь. Проект кхочушъеш ю Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министерствос.

Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, керлачу автовокзалан гIишло ша саннарг кхин йоцучу архитектурин планаца йийр ю. Пассажирашна мел оьшу хьелаш кхуллур ду цигахь.

«Аьттонаш болу хьежаран зал, ненан а, беран а чоь, водительшна лерина садаIаран меттиг, и.дI.кх. Республикехула йолу маршруташ хилла ца Iаш, Россин масийтта регионе автобусаш а оьхур ю автовокзалера. Со тешна ву, герггарчу хенахь республикин бахархоша а, вайн хьешаша хьакъ доллу мах хадор бу керлачу объектан», – элира Р.Черхиговс.

А.СУЛИМАНОВА

№93, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: