Адамех уггаре а диканиг – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денца даггара декъалдо шу!
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валар Лекха а, Сийлахь а волчо адамех а, Iаламах а къинхетам бар ду.
Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлча даккхий Iаламаташ гучудийлина. Цара тоьшалла дира адамийн оьмарехь Iаламат боккха, инзаре хилам хилла хиларна.
АллахIа цуьнан дуьхьа кхоьллина ма ду хIара дерриге а дуьне.
Нохчийн Республикехь ламаст хилла дIахIоьттина хIара дезде хьакъ ма-дду даздар. Вайн республикерчу бахархоша алсамдоккху хIокху баттахь Iамал-Iибадат дар. Цара Къуръан доьшу, салаваташ дохку, мовладаш доьшу, зуькарш до, сагIанаш доху. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу дийнахь эзарнаш бусалбанаш сатассалц маьждигашкахь вовшах а кхетий, Iамалш еш Iа.
ХIокху дийно вайна дагадоуьйту Исламан лехамаш леррина кхочушбан безаш хилар, АллахI резахин волу Iамалш ян езаш хилар. И даре кхайкхина-кх вай Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
Вай чIагIдан деза вешан ийман, лардала деза хьарам динчух, хьанал долчунна тIегIерта деза. Собаре а, къинхетаме а хила деза. Терго а, гIайгIа а бан беза гIийла-мискачеран хьокъехь.
Хьомсара вежарий, йижарий! Суна даггара лаьа шун доьзалехь беркат лаьттийла, шун аьтто хуьлийла, ондда могашалла хуьлийла, шу маьрша дехийла. Дала нийсачу некъа тIехь чIагIдойла вай! Дала къобалдойла вайн Iибадаташ!
№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо