Германин Вупперталь гIалахь чекхъяьлла дзюдохула клубашна юкъара Европин чемпионат. Турнирехь дакъалоцуш яра Бельгера, Францера, Хонкарара, Желтойчуьра, Испанера, Италера, Чехера, Хорватера, Германера, Россера клубаш.

Финалехь 3:2 жамIаца Испанера «Валенси» а эшош, Европин чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхина Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» клубо (Шамилов Якъуб, Хожалиев Аюб – 66 кг; Эдиев Леча, Гехаев Асланбек – 73 кг; Азизов Iабаз – 81 кг; Джамбеков Сайд-Эми, Эскирханов Iадлан – 90 кг; Башаев Тамерлан – +100 кг.). КхоалгIачу меттехь ю немцойн «Гамбург» а, желтойн «Арис» а клубаш.
Инстаграмерчу шен агIон тIехь оцу боккхачу кхиамца дзюдоисташ а, тренерш а даггара декъалбира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Билгалдаккха догIу, «Эдельвейс» Россин шозза чемпион хилла ю, ткъа 2018-чу шарахь цо дакъалоцур ду Европин «Дашо лига» чемпионатехь. Дзюдоистийн клубийн турнирашлахь уггаре а лараме турнир ю иза.
Хь.АБАЕВ
№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо