Хазъелла еа хьо, РаббиIул-Аввал беттан 12-гIа Iуьйре

РаббиIул-Аввал бутт карабеачхьана дуьйна а Iамал-Iибадат дарехь совбевллачу Нохчийчуьрчу бусалбанаша ларъеш яра оцу беттан шийтталгIа Iуьйре. Вайна юкъахь лелачу рузманца лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу Iуьйранна тIекхечира иза.

И Iуьйре ларъеш вайн республикерчу эзарнаша бусалбанаша буьйсанаш маьждигашкахь ехира Къуръан доьшуш, Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дохкуш, мовладаш доьшуш, зуькарш деш, кхийолу Iамалш еш.

Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу денна лерина коьрта даздарш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а, цунна гонахарчу майданашкахь а. Маьждига чохь, пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа, дIахIиттийра Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлахь ассараш: цуьнан месаш, бедарш, кхиерг.

Цаьрга хьовса а, кхузахь Iамал-Iибадат дан а вуно дукха адамаш даьхкира. Царна юкъахь бара Къурайшийн цIийнан, эвлаяийн тIаьхьенех болу беза нах, Нохчийчуьра Iеламнах, ткъа иштта, Къилбаседа Кавказан ерриге а регионашкара, ГIалмакхойчуьра, Краснодарера, кхечанхьара муфтеш а, бусалбанаш а. Iуьйра ламазан хан тIехIотталц АллахI а, цуьнан Элча а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хесточуьра совцуш бацара уьш. Вайн Пайхамаран возаллех а, сийлаллех а лаьцна дийцира гулбеллачарна Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, кхечара. Цо дIахаийтира хIокху денна тIекхочуш Нохчийчуьрчу бусалбанаша 5 миллиард 920 миллион салават диллина хилар.

Иштта, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла Iуьйре язъеш даздарш дIадаьхьира регионан ерриге а кIошташкарчу рузбанан маьждигашкахь. Массо а цхьа тамашийна дог-ойла гIаьттина, дог-ойла цIанъелла, велавелла, векхавелла вара. Маьждигашка кхача аьтто ца баьлларш а бара шайн цIахь, шаьш Iаччохь АллахI а, Делан Элча а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош Iамалш еш. Шайн синошца, ойланашца уьш а бара оцу даздаршкахь дакъалоцуш.

Даздарш дерзош шатлакхаш туьйхира Соьлжа-ГIалахь а, Нохчийчоьнан кIошташкахь а. Цул тIаьхьа а дIасакъаста ца лууш, жамаIатехь Iамалъяран чам кхетта дукха Iийра бусалбанаш.

Д.АНАДЕВ

№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: