Къилбаседа Корейхь стомара юха а дIадаьхьна баллистикин ракета зуьйш кхоссар. «Хвасон–15» ю хIинца зийначу ракетин цIе. Пхеньянера бечу хаамашца Iамаркан муьлххачу а маьIIе тоха аьтто болуш ю иза. РогIера зер КНДР-н куьйгалло дIадахьарна шаьш реза цахилар дIахаийтина иттаннаш пачхьалкхаша.
***
Пхеньяно рогIера баллистикин ракета зер дIадахьарца доьзна США-н Президентан Д.Трампан телефонехула къамел хилира Чинин Председательца Си Цзиньпинца. Д.Трампа дIахьедира шаьш Къилбаседа Корейна дуьхьал керла санкцеш юкъаялориг хилар. Оцу пачхьалкхана дуьхьал дIахьочу къийсамехь Чино Iамаркан гIо лоцург хилар дIахаийтира чинахойн баьччас.
***
Йеменан финансийн министерствона хьалха машен эккхийтина террористаша. Цара и зулам дар бахьана долуш 4 стаг кхелхина, иттех стагана чевнаш хилла, дохийна гонаха долчу цIенойн кораш, тхевнаш. Бакъонашларъяран органаша дIахьош ду зуламхой лахаран гIуллакхаш.
***
Женевехь дIадаьхьира Шемара хьал машаран некъа тIе даккхарна лерина дийцарш. Цигахь дакъалоцуш бара Iедалан а, оппозицин а векалш. Кхин хилла билггал барт боцуш чекхдевлира уьш. РогIера дийцарш гIуран (декабрь) беттан 15-чу дийнахь дIадоло лерина ду. Цигахь дакъалоцуш хир бу ООН-н леррина болу векалш.
***
ОПЕК-на юкъайогIучу пачхьалкхийн векалша дийцаре деш ду тIедогIучу 2018-чу шарахь а мехкадаьтта даккхаран барам лахбаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Говзанчаша чIагIдарехь, мехкадаьтта даккхар 2017-чу шарахь лахдар дикачу агIор хааделла дуьненан экономикехь. Дикка лакхабаьлла мехкадаьттан мах. Брент маркех долчу мехкадаьттан цхьана баррелан мах 64 долларе хьалабаьлла.
***
ООН-хь волчу Россин лерринчу векала хIокху деношкахь дIахьедина: «Iамаркан тIеман куьйгалла шен ницкъ ма-кхоччу къайлаяхьа гIерта Шемарчу Ракки шахьарахь дIаяьхьначу операцин белхаме тIаьхьенаш». ТIеман операци дIахьочу хенахь США коьртехь йолчу коалицин кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна масех бIе маьрша стаг вийра цигахь.
***
Россин Президента В.Путина дакъа а лецира, чулацаме къамел а дира цIерпоштанекъахойн кхоалгIачу съездехь. Цо билгалдаьккхира цIерпоштнекъахойн белхан эвсаралла шо-шаре даларца лакхайолуш хилар а, болх тобан кхин а таронаш хилар а. Цо дийцарехь, кхин а эвсаре пайдаэца беза пассажираш дIасабигаран а, киранаш дIасадахьаран а таронех.
***
Россин оборонин министр С.Шойгу хIокху деношкахь Мисарахь хилира. Иза цхьаьнакхийтира оцу пачхьалкхан политикин а, тIеман а куьйгалхошца. Цара шуьйра дийцаре дира терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран, бIаьхаллин декъехь цхьаьна белхаш баран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Деккъа цхьана хIокху шарахь Россиний ГIиргIизойчоьнний юкъахь махлелор 32 процентана алсамдаьлла. Вайн махкахь ГIиргIизойчоьно тайп-тайпана товараш а, юьртабахаман сурсаташ а дохкар хIокху шарахь шозза алсамдаьлла. И юкъаметтигаш кхион таронаш ю шина а агIонан.
***
Россин Правительствос 200 миллион сов сом къастийна культурин декъехь болх беш болчеран белхан алапа лакхадаккхийтаран Iалашонца. И ахча, экономикин министерствон говзанчаша дийцарехь, мехкан регионашна дIасадоькъур долуш ду.
№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо