Ерригроссин географин диктант дIаяьхьира Нохчийчохь

ХIокху деношкахь, Ерригроссин географин диктантан гурашкахь, оцу акцина лерина мероприятеш дIаяьхьира Нохчийн пачхьалкхан университетехь а, академикан М.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университетехь а, кхечу дешаран заведенешкахь а.

Нохчийн пачхьалкхан университетан географин а, геоэкологин а деканан заместитела Эльмурзаев Руслана дийцарехь, акцехь дакъалаца йиш яра массеран а.

– Карарчу хенахь кхузахь тхан вузан хьехархой а, студенташ а бу. Иштта, массеран а аьтто бу диктантехь дакъалаца, – элира цо.

Оьрсийн географин юкъаралла цIе йолчу Ерригроссин юкъараллин организацин Нохчийн Республикехь йолчу отделенин векала Довлаков Муслима билгалдаьккхира Нохчийн Республика оцу диктантехь жигара дакъалоцуш хилар.

– Таханлерчу дийнахь цунна лерина кечйина 10 майда ю вайн республикехь. Диктантехь цхьа эзар сов стаг ву. ХIора шарахь оцу акцин дакъалацархой алсамбовлуш бу. Коьрта Iалашо – иза, бахархойн шайн пачхьалкхан географи йовзаран хаарш зер а, иштта, и Iилма довзийтар а, дIакхайкхор а ю, – элира М.Довлаковс.

Академикан М.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университетехь а дIаяьхьира диктант. Лараме хьаша санна, мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.

Министра билгалдаьккхира, хIара тайпа хаарш зер кегийрхойн а, берриге а бахархойн а кхиарна чIогIа оьшуш хилар. Церан аьтто хуьлийла шена лууш хилар а хаийтира цо.

Дагадоуьйту, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран дIадолорца, и акци Оьрсийн географин юкъаралло кхоалгIа дIахьош ю.

ХIокху шарахь Россехь хьовха, 26 пачхьалкхехь дIахьур ю акци. Царна юкъахь ю Австрали, Аргентина, Великобритани, Дани, Норвеги, Серби, Шема, Хонкара, Черногори, Чина,
Румыни, кхиерш.

I.МУРТАЗОВ

№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: