Коррупцина – дуьхьало
Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан жоьпаллин даржехь волчу белхахочо, закупкаш яран декъехь контрактийн системин хьокъехь долчу законодательствон а, коррупцина дуьхьало яран законан а лехамашца галморзахдолуш доллушехь, 3 барт бира керлачу шеран совгIаташ, базалг куьце ялош йолу хIуманаш эцарна а, дезчу денойн гIуллакхаш вовшахтохаран хьашташ кхочушдарна а. Ян еза харж 1 миллион соьман барамехь яра.
Иза гучуделира регионан прокуратуро таллам дIахьочу хенахь. Бехке волчунна дуьхьал РФ-н КоАП-н 7.29 статьян 2-чу декъана тIе а доьгIна, административни талхораш даран хьокъехь гIуллакх долийра. Иза къастийна цхьалхадаьккхина хьокъала йоллучу органо. Бехке вечунна гIуда тоьхна 150 эзар соьман барамехь.
Хьакъ доллу таIзар
Бакъо йоцуш герзаца кечъеллачу тобанан цхьана декъашхочунна хьакъ доллу таIзар дина Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдо. Россин Федарацин Уголовни кодексан еа статьяна (208-чу статьян 2-гIа дакъа, 222-чу статьян 2-гIа дакъа, 317-гIа статья, 167-чу статьян 2-гIа дакъа) тIе а доьгIна 26 шо кхаьчна волу Д. бехке лерина динчу зуламашна.
Суьдо иза бехкевора бакъо йоцуш герзаца кечъеллачу тобанан декъашхошца цхьаьна 2012-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 6-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь Россин МВД-н Нохчийн Республикерчу ведомствошна юкъадогIуш доцчу гIаролан полкан социальни балхехула волу лакхара инспектор Карнукаев Минкаил вен Iалашо йолуш цуьнан машенна буха эккхаш йолу хIума йолларна. Иза генара урхалла деш эккхийтира. И бахьанехь балха ваха араваьллачу Карнукаевн кхалхар хилира.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хеташ дерг хьесапе а оьцуш, регионан Лакхарчу суьдо цунна чIогIачу рожан товаран колонехь яккха 14 шо хан кхайкхийна, цуьнан бакъонашна 1 шарна доза а тухуш. И зулам дарна уголовни гIуллакхан материалашна тIе а доьгIна, зуламан ши декъашхо лохуш ву, ткъа кхин а шиъ вовшашна герз тохар хиллачохь хIаллаквина.
Iаламо тIалам бар лоьху
«Нохчийн Республикин гонахара Iалам лардар а, хьаннийн бахам кхиор а» аьлла йолу пачхьалкхан программа кхочушъярехь меттигерчу Iаламан таронийн а, гонахара Iалам лардаран а министерствос законан цхьамогIа лехамаш талхийна хилар гучуделира регионан прокуратурина.
Бинчу талламо гайтира и программа кхочушъярна ведомствона бюджетера хаъал даккхий ахчанаш дIахоьцуш хилар. Амма оцу таронех буьззинчу барамехь пайда ца оьцу цигахь. Иза чIагIдо дийнна цхьамогIа бакъдолчара. ТIаьхьало йоллуш кхочушбеш бац хьун цIарах ларъяран кхерамазаллин, лаьттах пайдаэцаран бакъенийн, Iалашонна тIехьажийна доцуш хьаннех пайдаэцаран, уьш хьакхаран, карлаяхаран лехамаш.
Закупкаш яран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш иштта талхийна пачхьалкхан контракташ ечу хенахь а. Оцу а, кхечу а бакъдолчара гIо ца до пачхьалкхан программо хьалха хIиттош долу декхарш буьззинчу барамехь кхочушдарна.
Цара иштта тоьшалла до бюджетан ахчанах санехь пайдаоьцуш цахиларна а. И кхачамбацарш дIадахар тIедожийна ведомствон куьйгалхочунна. Ткъа регионан прокуратуро и гIуллакх шен тергоне эцна.
Сацам бух болуш лерина
Россин СК-н Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловн кIоштан талламан отделан талламхочуьнга кхитIе а таллам байта кIоштан прокурора юхахьажийра цо лелош долу уголовни гIуллакх. Регионан прокуроран заместитела нийса лерина иштта сацам.
РФ-н УК-н 307-чу статьян 1-чу декъаца (теш волчо даррехь харц хаамаш бар) билгалдина зулам дарна бехке еш йолчу А.И.Истамулован уголовни гIуллакх, шеца бехкеяран сацам а болуш, кIоштан прокуратуре кхечира. Талламхошна хетарехь, суьде нийса сацам ца байтархьама, Истамуловас харц тоьшаллаш дира.
Уголовни гIуллакхан материалаш талларо таллам дIахьочу хенахь тоьшаллаш гулдарехь, церан мах хадорехь дуккха а барамехь талхораш хилийтина хилар гайтира. Цул сов, нийса билгалъяьккхина яц зулам дина меттиг а.
Иза дара уголовни гIуллакх кхитIе а таллам байта талламхошка юхадерзоран бахьана.
Экстремизмана дуьхьал…
ТIехьа-Мартан кIошташна юкъарчу прокуратурина гучудаьлла Интернетан социальни сетехь экстремизман амал йолу материалаш яржош хилар. Талламан гIуллакхаш дIахьош карийра иза динарг а.
Асаев Виситас «ВКонтакте» сайта тIехь йолчу шен агIон тIехь гайтира Россин Федерацехь йихкина йолчу дуьненаюкъарчу терроризман «Исламан пачхьалкх» (ИГИЛ) организацис шайх пайдаоьцуш йолу билгалонаш (символики).
РФ-н КоАП-н 20.3 статьян 1-чу декъаца билгалдина административни талхораш дарна долийна гIуллакх къастор долуш ду.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо