шайн а, кхечу МТС-ра ялийначу а техниках пайдаоьцуш, гуьйренан охана деш, латта тодеш, тIедогIучу шеран ялтина кечам беш, къахьоьгуш бохку Соьлжан районерчу Эхаборзера «ХХ-чу партсъездан» цIарахчу а, «Ассински» а госхозашкара куьйгалхой а, белхалой а.
Геннара истори йолуш а, Эхаборзерчу (Ассиновская) хьовха, кхунна гуонаха йолчу ярташкарчу бахархошна а рицкъ латтош а, пачхьалкхана дIадухкуш алссам ялта а, сурсаташ а долуш яра кхузара «ХХ-чу партсъездан» цIарах йолу а, «Ассински» а совхозаш.
1931-чу шарахь, Эхаборзехь дуьххьара йиллинчу «Красный пахарь» а, «Путь крестьянина» а цIе йолчу шина колхозах, республика меттахIоттийначу 1957–1958-чуй шерашкахь кхоьллинчу оцу шина совхозехь къахьоьгуш 2–3 эзаре кхочуш белхалой бара. И хан дика дагайогIу кхузарчу вахархочунна, 15 шарахь «ХХ партсъезд» совхозехь зоотехникан а, шурин-товарни фермин куьйгалхочун а белхаш бинчу, 1991-чу шарахь дуьйна юьртан администрацин куьйгалхочун заместитель волчу Масаров Хас-Мохьмадна:
– Хьал долуш меттиг яра Эхаборзе, – дуьйцу цо, – цхьана «ХХ партсъезд» совхозан дуьйш-дерзош 8 эзар гектар латта дара. Кхузахь яра 5 хасстоьмийн а, 5 даьхнилелоран а, 5 тракторан а бригадаш. ХIора бригадехь кхоьллинера белхан аьттонаш, тракторни бригадашкахь 40-га кхочуш кегий, яккхий тракторш, киралелон машенаш, хIутосургаш, оьшуш мел йолу техника яра. Шурин-товарни ферманашкахь шурина, жижигна лелош даккхий, кегий 2 эзаре кхочуш даьхни дара. Дуьйш-дерзош ялта – кIа, хьаьжкIа, маьлхахIуш, хохаш, наьрсаш, помидораш, цIен а, шекаран а буракаш, доцца аьлча, токхе хьал дара тхоьгахь. Пачхьалкхана дIадала деза сурсаташ дIаделлачул тIаьхьа, дIахецначу бошмашкара, аренашкара лаьтта ло диллалц йолчу заманчохь оха а, луларчу ярташкарчу наха а дукха рицкъ гулдора. Ерриге а Союзана евзаш а, цунна алссам рицкъ – хи чуйоьхкина наьрсаш, помидораш, тайп-тайпанчу стоьмийн муттанаш, повидлаш, варенеш, салаташ латтош а яра кхузара консервни завод. СССР йохайолаелча, жим-жима тосуш, охьатесира и дерриге а. Ткъа, тIеман шерашкахь тIе бомбанаш етташ охьаэтира юьртана гуонахара ферманаш, совхозийн гIишлош, пачхьалкхан а, бахархойн а бахамаш. Дерриге а къацахетарийн, беркатдацарийн куьйгаша хIаллакдира…
Совхозан таханенах дийцира цуьнан директора Умаев Султана:
– Хас-Мохьмада йийцина зама хIинцачул 20–25 шо хьалхалераниг ю.
Хууш ма-хиллара, тIеман шераша доккха зен дина совхозан бахамна. Цул сов, цхьа балхана чу садиллина, цуьнан тIум лоруш хилла нах а я дIабевлла, я дIабахана, я къанбелла. ТIамах бевдда леллачеран я оцу шерашкахь кхиъначеран кхин хьежамаш бу дахаре а, юкъарчу балхе а. Оццул сурсаташ дIаден-дерзо аьттонаш кIезиг бу тхан. Амма хьалха хилла «ХХ партсъезд» совхоз хIинца пачхьалкхан бахам (госхоз) лоруш бу. Оха пайдаоьцучу 3,1 эзар гектар лаьттах охана дийриг 1301 гектар ду, ткъа 1129 гектар латта минаш йолуш ду. Бакъдерг аьлча, ерриге а республикехь санна, кху аренашца а сапераш бу болх беш. Эккха там болчу герзах цара латта дIацIандича а, хала хир ду цунах пайдаэца. Оцу гIуллакхна хан оьшу.
Тхайн таронашка хьаьжжина, кхушара кIа а, шекаран бурак а, маьлхахIуш а, хьаьжкIа а, мукх а, сула а дIадийнера оха. Цунах 1284 тонна кIа чуэцна, 947 тонна элеваторехь дIаIалашдина. 2 бIе гектар маьлхахIуш а, 140 гектар шекаран бурак а йоькъа хиларна ца кхуьуш, хIаллакьхилла.
2006-чу шарахь дуьйна госхозан куьйгаллехь волчу Умаевн ницкъ кхаьчна дукха а шерашкахь гулделла белхалойн алапин декхарш а, пачхьалкхан налогаш а дIаяла. Кху тIаьххьарчу шина шарахь цхьацца техника а эцна. Ницкъ кхочучу кепара цIиндала а, дендала а гIерташ, къахьоьгуш бохку хIорш. Ишттачу хьолехь болх беш ю Эхаборзера «Ассински» госхоз а. Цуьнан директора Акиев Iелас дийцарехь, 1,5 эзар гектар латта ду госхозан. Цунах стохка 5,5 бIе гектар латта аха а, дIаден а таро хилира. Амма йоькъа хиларна, билгалбинчу барамехь ялта чудерзо аьтто ца хилира.
– Делахь а, шо шарах тера догIуш ца хиларна, тхо тешна ду, кхушара тхайн алссам аьттонаш хирг хиларх, – боху Акиевс. – Цундела, 2–3 бIе гектар лаьтта тIехь гуьйренан охана дан дагахь ду тхо, хIинцале 170 гектар тIехь охана дина довлуш ду. Бакъдерг аьлча, догIа ца даре терра, дакъаделлачу лаьтта тIехь, охана хала далуш дохку тхо, амма шайн болх бевзаш, говза механизаторш: Эльсанов Бай-Iела, Курмаханов Юнус, Деришев Хизар, Губашев Леча хиларе терра, и гIуллакх кхочушдалург хиларх тешна ду.
Ши шо бен дац Акиев госхозан куьйгаллехь волу. Цо дийцарехь, белхалошна а, кредиторашна а алссам декхарийлахь яра госхоз. Ницкъ кхочучу кепара ялтица а, ахчанца а адамийн рицкъ дIакхачош таро а йина кхара. Цул сов, «Вайн республикин Куьйгалхо а, юьртабахаман министерство а орцахъяьлла кредиторски декхар тIерадакккха кехаташ вовшахтухуш а ду тхо, – бохура Акиевс. – Цул тIаьхьа, Дала мукъ лахь, нехан рицкъ кхоччуш дIадала а, госхоз меттаялон а таро хир ю тхан».
Т.САРАЛИЕВА