Тхан рузма

Лахьанан беттан 30-гIа де, 1942-гIа шо. Грозненски кIоштан БердакIел юьртахь вина Солтаханов Эльбек, хьехаран Iилманийн кандидат, нохчийн меттан учебникийн автор.

Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.

Цуьнан цIе ца евзаш стаг дукха хуьлийла дац Нохчийчохь. ДIадаханчу бIешеран 60-чу шерийн шолгIачу эхангахь дуьйна схьа нохчийн маттахь юьхьанцара деша а, яздан а Iамор цо язйинчу учебникаш тIехь хилла ду.

60 гергга Iилманан а, дешаран-методикин а белхан автор ву Э.Солтаханов. Царна юкъахь ю нохчийн школин юьхьанцарчу классашна лерина программаш, «Абат», 2-4-чуй классашна лерина нохчийн меттан, дешаран учебникаш, методикин пособеш, йоза Iаморан кепаш, дидактикин материалийн, диктантийн гуларш.

1962-чу шарахь дуьйна хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтехь а, Россин Федерацин къаьмнийн школийн институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь а болх бо Эльбека.

1992-чу шарахь дуьйна ша кхалххалц йолчу хенахь болх бира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан юьхьанцара Iаморан методикин, педагогикин кафедрин куьйгалхо волуш.

Кхалхар хилла 2005-чу шарахь.

ГIуран беттан 2-гIа де, 1918-гIа шо. Теркайистерчу Лаха-Неврехь вина Мамакаев Iаьрби, поэт.

Дешна Соьлжа-ГIаларчу рабфакехь, чекхъяьхна драматургин лаккхара курсаш. Къинхьегаман некъ болийра 1935-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан корректор волуш. Цул тIаьхьа болх бо Нохч-ГIалгIайн радиокомитетехь, Яздархойн союзан литконсультант волуш.

Еха ца хилла кхолламо дахарехь цунна яккха елла хан – 1918-чу шарера 1958-гIа шо кхаччалц. Оцу кIезигчу хенах а дуккха а шераш набахти чохь даха дезна.

1942-чу шарахь (хIетахь гоьваьлла вевзаш волу поэт) цхьа а бехк боцуш, лоций, чувуллу.

1956-чу шарахь, йинарг харц кхиэл хиларна къаро а еш, паргIатвоккху. Амма лайначу халонаша а (дукха жима волуш дех-ненах къастаран къахьо а Iаьвшинера цо), дагна Iиткъинчу харцонаша а (бехк-гуьнахь доцуш ша лацар а, иштта харц кхиэл йина халкъ махках даккхар а), гIелдина хиллера цуьнан дог.

1958-чу шеран хьаьттан (август) беттан 21-чу дийнахь кхалхар хилира цуьнан.

Хьесап дича, дукха хан ца хуьлу кхолламо кхоллараллина къастийнарг – иттех шо гергга. Амма оцу йоццачу хенахь иза ларийра нохчийн литературин хазнаш хилла лаьтта исбаьхьаллин говзарш кхолла: «Даймохк», «Даге» «Кавказе маршалла», «Сан кIанте», «БIаьргех хиш Iийдало», иштта кхин а стихаш, «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма, «Винчу юьрта» повесть. Поэт винчу, ваьхначу Лаха-Неврерчу цуьнан хIусамашкахь тахана I.Мамакаевн цIарах литературно-мемориальни музей ю.

ГIуран беттан 2-гIа де, 1938-гIа шо. Веданан кIоштан Дишни-Веданахь вина Гацаев СаьІид, поэт.

60-чу шерашкахь нохчийн литературе баьхкинчу яздархойн тобанах ву иза. Школехь дешначул тІаьхьа цо чекхъяьккхира Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан хьехархойн институт.

Белхаш бина школехь, ша дешначу хьехархойн институтехь, кхечу меттигашкахь. Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла 50-гІа шераш чекхдовлуш. Нохч-ГІалгІайн книгийн издательствехь араевлла цуьнан поэзин гуларш: «Iуьйре» (1969), «БІаьстенан гІар» (1973), «Хазахетар» (1981), «Iуьйренан тхи» (1989), «Мекара цициг» (1991).

Гацаев СаьІид тайп-тайпанчу жанрашкахь яздеш вара, лирикин стихашна тІера баснийн, пьесийн биста кхаччалц.

С.Гацаев вевзара похIме драматург санна а. Хьовсархоша езаш тIеэцнера цуьнан пьесаш тIехь Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн театро хIиттийна «Пелхьонаш», «Бале ваьлла нуц» спектаклаш.

Поэтан кхалхар хилла 2012-чу шарахь.

ГIуран беттан 2-гIа де, 1957-гIа шо. Юккъерчу Азехь вина Мусаев Iалавди, полицин полковник, юридически Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин хьакъволу юрист.

Дешна Аштаркханерчу милицин лерринчу школехь, Россин МВД-н академехь.

1978-чу шарахь дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь белхаш бина (могIарера милиционер, куьпахо волуш, Нохч-ГIалгIайн АССР-н а, Россин а чоьхьарчу гIуллакхийн министерствошкахь жоьпаллин даржашкахь волуш а).

ТIаьхьарчу шерашкахь Россин МВД-н Москварчу универститетан кафедрин профессор.

Россин Яздархойн союзан декъашхо а, «Волчья яма» романан, «Шайх Мансур» документальни повестан автор а ву I.Мусаев.

Нохчийн театрехь кхиамца хIоттийна цуьнан «Бекхам» цIе йолу пьеса. Нохчийн литературин гIолацаран фондан президент ву I.Мусаев. Оцу фондан чоьтах нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арахоьцуш ю «Нохчийн литературин библиотека» сери.

Зуламхошца къийсам латторехь а, Iилманехь а, къона говзанчаш кхиорехь а бинчу белхийн лаккхара мах хадош, I.Мусаевна совгIаташ дина «За безупречную службу» 1-чу а, 11-чу а даржийн мидалшца, «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу гIуллакххо», «Нохчийн Республикин хьакъволу юрист», «Россин Федерацин корматаллин лаккхарчу дешаран сийлаллин белхахо» цIерш яларца а, иштта кхин совгIаташца а.

№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: