«Сан жима Даймохк: Iалам, культура, халкъ»

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос республикин Iаламан тIаьхьалонийн а, гонахара хьал лардаран а министерствоца цхьаьна Республикин эколого-биологин туьшахь Ерригроссин «Сан жима Даймохк: Iалам, культура, халкъ» конкурсан регионан мур дIабаьхьира.

Цуьнан Iалашо яра тIекхуьучу къоначу чкъурана гонахара Iалам а, мехкан хьал а довзийтар, республикехь дехачу къаьмнийн культураш йовзаре хьашт кхоллар, патриотически дог-ойланехь кегийрхой кхетош-кхиор.

Конкурсехь дакъалецира Даймехкан Iалам а, культурин тIаьхьалонаш а Iамор дезачу республикин дешаран учрежденешкарчу 12 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу бераша. Царна юкъахь, хенашка а, хаьржинчу номинацешка а хьаьжжина, толамхой билгалбевлира.

«Гуманитарни-экологин таллам» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIаларчу №5 йолчу юкъарадешаран юккъерчу школин дешархочо Д.Бисаевас (14 шо, «Даймахко тIевоьху, даго кхойкху», куьйгалхо – З.Сайгираева).

СовгIатхой – Нажи-Юьртарчу ЭБС-н дешархо А.Оздарбиева (16 шо, «Сан юрт – сан бахам», куьйгалхо – М.Кадаева), Соьлжа-ГIалин №2 йолчу гимназин дешархо А.Дениев (15 шо, «Нохчийн халкъан экологин ламасташ», куьйгалхо – З.Дениев).

«Ламасталлин культура» номинацехь туьйлира Гуьмсан кIоштан ЭБС-н дешархо Л.Товбулатова (15 шо, «Iалам лардаран нохчийн гIиллакх», куьйгалхо – З.Эскербиева).

СовгIатхой – ТIехьа-Мартан кIоштан ЭБС-н дешархо Х.Хамзаева (16 шо, «Нохчийн халкъан ламасталлин культура», куьйгалхо – М.Мадагова), Курчалойн кIоштан ЭБС-н дешархо А.Альвиев (14 шо, «Тхан Курчалойн–Эвлан дозалла», куьйгалхо – Р.Альвиева).

«Эколого-мохкталларан некъ гойтурш» номинацехь туьйлира Хьалха-Мартан кIоштан ЭБС-н дешархо З.Вагапов (15 шо, «Экологин маршрут – Хьалха-Мартан – Башен-Кхаьлла», куьйгалхо – Р.Вагапов).

СовгIатхой – Веданан кIоштан ЭБС-н дешархо Р.Эльдарова (14 шо, «Къоьзан Iоман экологин тача», куьйгалхо – Р.Эльдарова).

«Iалам а, культура а ларъяран публицистика» номинацехь 1-ра меттиг яьккхира Соьлжа-ГIаларчу Н.А.Назарбаевн цIарахчу №1 йолчу лицейн дешархочо I.Сулеймановас (16 шо, «Iаламна терго яр нохчийн культурин башха амал», куьйгалхо – Л.Межидова).

СовгIатхой – Веданан кIоштан ЭБС-н дешархо А.Чимаев (14 шо, «Ведана юьртан хьехан парк», куьйгалхо – М.Дудаева), Курчалойн кIоштан ЭБС-н дешархо Р.Дохтукаева (14 шо, «Курчалойн-Эвлан Iалам лардарехь долу хьал», куьйгалхо – М.Ирасханова).

«Жимачу Даймехкан дийна билгало» номинацин толамхо Теркан кIоштан ЭБС-н дешархо В.Ахлуев (13 шо, «ХIаваэхь аьрзу маршонан билгало ю», куьйгалхо – А.Альбикханова).

СовгIатхой – Устрада-ГIалин къоначу Iаламхойн а, экологийн а туьшан дешархо А.Алимсултанов (12 шо, «Борз – Нохчийн Республикин билгало», куьйгалхо – Л.Ханакаева), Курчалойн кIоштан ЭБС-н дешархо З.Нагомерзаева (13 шо, «Хьонка», куьйгалхо – Х.Бекиева).

Регионан муьрехь тоьллачеран белхаша Ерригроссин конкурсехь дакъалоцур ду.

Л.ДАУТОВА

№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: