ХIокху деношкахь Экономикин а, урхаллин а нохчийн колледжехь «Тхо могашчу Iер-дахарехьа ду» цIе йолу концерт-акци дIаяьхьира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Тагиев Мурата, Октябрьски кIоштан къедас Мусаев Сайд-Мохьмада, прокуратурин векалша, кхечара.
Кегийрхошка, хьалхара дош олуш, вистхилира Тагиев Мурат.
– Шу тахана кегий ду. ХIинц-хIинца дахаран новкъа довлуш бен дац. Цундела, шайна зуламе хила тарлучух лардала хьовса деза шу. Вайна ма-хаъара, тIаьхьарчу хенахь корта бахош йолу молханаш яьржина. Цхьана ханна самукъадоккхуш долу дIовш бахьанехь Iехало цхьаболу кегийрхой. Iехабаларца цхьаьна цара уггаре а хьалха шайна новкъарло йо. Шайн могашалла хIаллакйина ца Iа цара, ишттачарах нахана а зулам долу. Хьарамчух хьакхаваларца стага кхидIа долу шен дахар а талхадо. И саннарг ца хилийта, шу халкъана а, махкана а пайдехь кхиийтархьама вайн республикехь дерриге а хьелаш кхоьллина, – элира цо.
Харц новкъа вала дагадеанчо шен дайн Iер-дахар дагадаийта дезаш хиларх лаьцна иштта дийцира Мусаев Сайд-Мохьмада: – Вайна ма-хаъара, зама хийцало. Заманца цхьаьна дуккха а керланиг юкъадолу. Керла технологеш юкъайовларца доьзна дуккха а хIума хийцаделла. Вайн дай баьхна зама дагаяийта еза вай. Вайн дай къахьега Iемина а, къахьегна а бу. Царна атта дахар ца гина. Царна гина халонаш вай лайна яц, хIетте а, зуламечух ларлуш баьхна уьш. Ткъа тахана кегийрхошна кхиархьама дуккха а таронаш ю, дахар а дуккха а аттачу даьлла. Иза иштта долушшехь, цхьаверг харц новкъа волу. ТIаьхьарчу хенахь яьржина корта бахош йолу молханаш. Уьш мийла волавелларг хьарамчу новкъа ваьлла ву. Иза дагахь латто деза кегийрхоша даима а. Хьанал ваха веза вайх хIора а. Иза ду вайна эхартахь карон дерг. Дуьнен чохь адамаша йоккхург кIезиг хан ю. Тахана вайн йиш йолччуьра, сагIа даккхарца а, адамашца дика хиларца а, буобере хаза дош аьлла иза хьастарца диканаш дан дезар-кх вай.
Студенташа леррина ладугIура хьешийн къамелашка. Хьеший бистхиллачул тIаьхьа, студенташа шаьш кечйина концертан программа гайтира.
Цара эшарш лекхира, наркомани кийчча зулам хиларх лаьцна йолу байташ йийшира.
Оцу тIехь ерзийра «Тхо могаш Iер-дахарехьа ду» концерт-акци.
З.ПАТАХОВА
№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо