ХІокху деношкахь Соьлжа-ГІалахь, республикин Къоман библиотекехь, дIаяьхьира Нохчийн а, ГIалгIайн а республикийн халкъан артистан Паскаев Рамзанан кхоллараллин суьйре. Иза вовшахтоьхнера Республикин Куьйгалхо волчохь Культурехула йолчу юкъараллин совето.
Паскаев Рамзанан кхолларалла ца евзаш а, ца езаш а Нохчийн Республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а кІезиг нах хир бу, цундела хир яра Республикин коьртачу библиотекин «Іаьнан беш» цІе йолу йоккха зал охьахаа меттиг йоцуш, тІанк-аьлла юьзна.
Кхуза гулбеллера халкъан артистан кхолларалла даггара езаш а, Паскаев Рамзане боккха ларам болуш а болу хьовсархой. Цул сов, искусствехула волу шайн накъост вазван баьхкинера республикехь а, кхечу регионашкахь а шуьйра бевзаш болу цІеяххана артисташ: Минцаев Мовсар, Дадашева Тамара, Межиева Макка, Ташаева Марем, Эбиев Илес, Дудаев Зеламха, божарийн вокальни тоба «Илли», Нохчийн Республикин халкъан инструментальни ансамблан декъашхой, кхиберш а.
Суьйре дІайолаелира Республикин халкъан инструментальни ансамбло тІаьхьара мукъам а балош, Паскаев Рамзана шен эшарийн попурри лакхарца.
Артистан кхоллараллин суьйре дІахьочу, вевзаш волчу поэта, юкъараллин гІуллакххочо Цуруев Шарипа билгалдаьккхира Паскаев Рамзан доккха похIма долуш а, искусствехь шатайпа меттиг дІалоцуш хилар а.
– Халкъан музыкин тоьлла ламасташ лардеш а, даржош а схьавогІу иза. И санна волу музыкант бІе шарахь цкъа бен хуьлуш вац, – элира Шарипа.
Халкъ цІерадаьккхинчуьра Даймахка юха а дирзина, вайн республика меттахІотточу хенахь шайн ницкъ ца кхоош, шайн дерриге а похІма а, хьуьнарш а къоман сий а, цІе а айъархьама дІаделлачарах вара хІетахь искусстве веана Паскаев Рамзан.
Дукха хан ялале цунах воккха говзанча хилира, республикехь а, кхечу регионашкахь а вовза а вевзаш. Дала шена делла похІма лардеш, кхиош схьавеара иза тІаьхьа догІучу шерашкахь.
– Тахана вайн къоман дозалла дан йиш ю Рамзан а, иза санна а музыканташ вайн хиларх, – тІечІагІдира Шарипа.
Рамзанан доттагІаша а, иза уллера вевзачу, цуьнца эстрадехь болх бинчу накъосташа а цунах лаьцна довха дешнаш элира, цуьнан корматаллин а, адамаллин а агІонаш йовзийтира.
Гулбеллачеран самукъадаьккхира Паскаев Рамзанан а, кхечу композиторийн а мукъамашна тІехь даьхна иллеш дІааьллачу Минцаев Мовсара, Дадашева Тамарас, Межиева Маккас, Дудаев Зеламхас, Ташаева Марема а, кхечара а.
Доккха де зде хилла дІахІоьттира Паскаев Рамзанна лерина кхоллараллин суьйре.
АРСАНУКАЕВ Муса
Авторан суьрта тІехь: Паскаев Рамзанан кхоллараллин суьйренехь
№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо